В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Ши к1ант хьонке вахар

1уьйрре самаваьлла, сахиллалц шена бухахь лаьттинчу дечиган маьнгин аннаша лаьцна шен жима букъ нис а беш, д1ай-схьай а хьоьжуш, шен боккха горга ши б1аьрг кегийчу, эсалчу куьйгашца хьекхо вуьйлира Ахьмад.

Ц1еххьана цунна дагадеара ша Аюбаца стиглахь йекхна, хаза де хилахь хьонке г1ур ву аьлла, бина барт хилар. Ахьмад корехула арахьаьжча, ламанах бухдуьйлу сирла шовда санна, сийналлехь лепара ц1ена сийна стигал. Воккхаверца к1ентан беснеш т1е х1уьттура горга, кегий к1аьгнаш.

Сихха йаьшки чуьра х1оаш схьаэцна, уьш наштара кедахь, т1е хи а доьттина, пеша т1е кхехко дехкира. Боги чуьра бепиг а, кхаби чуьра т1о а, сирдиллинчу йай чуьра к1олдан мижарг а, цхьа-ши хох а, туьха а шен т1оьрмиг чу йехкира цо. Сиха шена т1е бедарш йуха волавелира Ахьмад. Т1ейуххушшехь йет1ира зарзйоьлла свитар; нанас шен хазачу, говзачу куьйгашца шина-кхаа свитарх йоманаш йохуш, царах цхьаъ йинера. Делахь а, и свитар цхьаъ бен кхин цахиларна, дукха т1ехь лелийна зарзйоьллера. Кога буьйхира шен бовха б1оржамаш, коьрта месала куй тиллира, т1е йовха кетар йуьйхира, амма цуьнан ши пхьош а бес-бесара дара, тишчу кетар т1ера цхьа пхьош схьадаьккхина денанас т1етегнера. Иштта кога йуьйхира б1оржамаш т1ехула шен ден эткаш, шениш тоххара йаайелла, этт1а, чу хи долий, когаш мажарбулура. Шен ден мачаш дукха йаккхий йолу дела, уьш когара д1а ца лелхийта, аг1онаш т1е а, мачин буьхьигашка а к1адинах йаьхна цхьацца кескаш йехкира к1анта. Иштта сихха схьаийцира цо хьонка боккхуш оьшу г1ирс: урс, кагтухург, ши-кхоъ гатанан т1оьрмиг, чуханаш.  Шен т1оьрмиг схьа а эцна, т1аьхьабисина ког хьалха а боккхуш, Аюб волчу кхечира Ахьмад.

– Аюб, воо Аюб! – мохь беттара Ахьмада.

– Вайй! – бохуш, г1ийло мохь хезара чуьра ара.

– Хьуна вайшимма бина барт бицца-м ца белла?

– Дера ца белла, божли чуьра х1инцца чу веана воллура со, х1инцца араволу хьуна со, т1е бедарш а йуьйхина.

Аюб сихха аравелира. Ши к1ант луьйш-олуш хьуьнан вочу новкъа велира. Наггахь ден эткаш, дукха йаккхий хиларна, когара д1алелхара.

– Дависа, шу кегий хила ца магара? – олий, к1адин кескаш чу тоьттура к1анта.

Вулу-уш, хьуьна йуккъе вуьйлира ши к1ант. Сих-сиха садо1ура цу шимма, йиш локхура.

Къа хьегадац атта,

Цо доккху онда  хьацар.

Делахь а ву со реза,

Хир бу сан чохь кхача.

Йуха д1аволавелира ши к1ант, ц1еххьана дукха гена валале, Аюбан мохь белира: «Х1оккхузахь, х1оккхузахь хьонка бу!» – бохуш. Ахьмадна цо борз йу боху моьттура, д1авада кийчча вара иза.  Шаьшиннан гира т1оьрмигаш охьа а дехкина, цу чуьра хьонка боккху г1ирсаш схьа а эцна, кучканашкахь схьа а лоций, орамаш лар а деш, лерина уьрсаца хедош схьабоккхура Ахьмада хьонка. Ткъа Аюб-м воллура шен орамашца а, мачашца а хьонка схьабоккхуш.

– Велла ма вала хьо, иштта ма ца боккху хьонка схьа, шуна 1аламан урокехь хьехархочо ца хьехна, 1алам лардан деза бохуш? Ткъа тхуна-м ма хьехна Яха Имрановнас, ц1ен книжка гайтира цо тхуна. Цу т1ехь дуьнент1ера д1адовлуш долу 1аламан орамаш ду, адам бахьана долуш, уьш вай лардан деза, х1унда аьлча, тахана ахь санна хьонка баккхахь, т1едог1учу шарахь х1окху метте хьонка бер бац. Шуна хьехархочо дуьйцучу хенахь, хьан ойланаш ц1ахь ловзуш, йа цхьанхьа ваьлла шоколад йууш хилла хир ву хьо.

– Цо дийцинехьара-м суна хиъна хир дара, – элира Аюба.

– Ладоьг1нехь, хиъна хир дара, хьехархочун бехк бац хьо къора хилар. Схьавола суна йуххе, гой хьуна, ас муха боккху? – аьлла, гайтира Ахьмада Аюбана.

Аюба цецвуьйлуш: «Иштта-м кхин а атта ма ду х1ара баккха», – бохуш, баркалла баха вуьйлира иза.

– Ду дера, оцу вайн хьехархошка вай дика ладог1ахьара, вайх 1илманчаш хила ма тарлора.

Иштта хьонка боккхуш, шина к1ентан т1оьрмигаш ах дуьзира. Ахьмада шена денанас 1амийна халкъан барта кхоллараллин йиш локхура:

Хьонка,хьонка, карабе,

Урс, ахь говза хадабе,

Т1оьрмиг сиха бузабе,

Мало ахьа эшае.

– Маржа дуьне йа1, Ахьмад, хьо-м цхьа илланча ма хилла!

– Ву дера, иштта шаьш бечу балхе хьаьжжина иллеш олуш беш ма хилла хьалха наха болх. Делахь тхоьгахь-м х1инца а долуш ду иза.

Де делкъенга лестира, ши к1ант делкъе йан вуьйлира.  Шаьшшиннан куьйгаш вовшийн хи дуттуш дила а дилина, лаьтта шаьшшимма буха таса йехьна йолу х1ума а тесна, цу т1е йуург охьа а йиллина, «Бисмиллах1» доккхуш, х1ума йаа охьахиира ши к1ант. Х1оаш схьаэцна вовшахдетташ (х1оа вовшахтоьхча дохазниг толамехь хуьлура, доьхнарг эшамехь хуьлура), шен аьрхаллица толам баьккхира Аюба, и толам шегахь хилар дукха хазахетарна веларан батт лергашна т1е кхоччуш лаьттара цуьнан. Иштта х1ума йиъна сихха велира ши к1ант. Йуха ламазна кечам бира цара, йуххехь хьаладолуш ц1ена, сирла хьоста(шовда) карийра. Ахьмада шеца къилба (компас) йеанера, хьуьнхахь тилавала тарло-кх аьлла. Амма Ахьмадна шегахь и хилар дицделлера. Цо Аюбе хаьттира: «Ламазан къилба муьлхачу аг1ор ду-те?». Цо шена ца хаьа муьлхачу аг1ор верза веза, ц1ахь шена халла 1еминера аьлча, Ахьмад велавелира.

– Велла ма вала хьо, айхьа х1ума йууш санна хьажа, цкъа а диц лур дац хьуна.

– Х1аа, сан т1оьрмиг чохь ма йу къилба.

– Корта хиллехьара-м хьо вицлур вацара, вуьшта и хьан туьта йу-кх йеса! – элира Аюба.

Вовшашка а хьаьжна, ши к1ант ший а велавелира. Къилба схьа а эцна, цуьнца ламазна х1утту аг1о билгалъйаьккхина, буха ц1ена т1оьрмиг тесна, ламазаш дира шина к1анта. Йуха жимма вохвала дагахь, дуккха г1аш а, ч1ийш а лахьийна, ц1е латийра. Наггахь к1ур цаьршинна т1ебоьрзура, и шиъ ваьл-ваьлачу болуш. «Гурахь г1аш дагош тхан денанас олуш хезнера сунна к1ур д1аэккхош олуш долу халкъан дешнаш, уьш ас х1инцца д1аэр ду», – элира Ахьмада.

К1ур, к1ур, д1анехьа бала,

Ц1ен котам схьанехьа йала...

Ши к1ант дикка вохвелира.

– Аюб, д1огара шиша схьадахьа!

– Х1унда? Х1ун дан воллу хьо цунах, ахь х1инцца ма мелира хи?

– Ц1е д1айайъа воллу!

– Х1унда, 1адйита ца мега иза,хьуна новкъа йу иза?

– Хьо хьера-м ца ваьлла? Кху хьуьнна а, 1аламна а зен дан тарло цо.

– Цо х1ун зен дийр дара.

– Йолу-уш, ц1е гена йалахь, инзаре тамашийна хаза долу х1ара 1алам даьгна д1адер ма ду, х1аллакь хир ду. Ткъа вайшимма 1аламна зен дан тарло. Ишттаниг хила йиш йац.

Сихха ц1е д1айайъира шина к1анта. Йуха хьонка баккха вуьйлира и шиъ. «1ауууу, 1аууу», – бохуш, берзан уг1ар хезира царна. Сихха хьонка боккхучуьра саца а бина, вовшашка хьаьжира. Берзан уг1ар т1аьхь-т1аьхьа йуххе оьхура.

«Борз йу, борз йу», – бохуш, катоьхна шаьшшиннан т1оьрмигаш схьа а эцна, гуттар чехкачу боларца ведира. Ахьмад хьалхара ведира, цуна т1аьххье Аюб ведира. Берзан уг1ар чехкадаьлла т1екхочуш лаьттара, амма йухахьаьжча гуш йацара борз. Са хаьдда вада ца лора, саца ца ваьхьара, мелла а чехка д1ауьдура ши к1ант. Ц1ехьана Аюбан т1оьрмиг куллах тасабелла баьтт1а д1абахара, цо мел баьккхина хьонка 1аьнна д1абахара, йиш йацара и схьалехьош 1ен. Аюб, ша барзо схьалаьцча санна, мохь хьекха вуьйлира. Д1ахьаьжча, лекха попан дитт дара, хьалавала атта хир долуш. Ахьмад цунах тасавелира хьалавала дагахь, амма ког шершина охьакхийтира, жимма букъ лазош. Шен лазоар дицделла хьалаиккхина, йуха а диттах тасавелла, га схьалаьцна хьалаволлушехь, Аюба цуьнан шина когах ка деттара, Ахьмада шен ма хуьллу ши ког д1аса бетташ мохь хьоькхура, барзо лаьцна моьттуш орца доьхуш. Ткъа Аюба цуьнан ши ког ма-хуьллу хьалхалерачул ч1ог1а ийзабора.

– Со д1ахеца! – бохуш, мохь хьоькхура Ахьмада.

– Со ву, со ву! – бохуш, мохь хезара цу шинна.

Д1ахьаьжча, церан лулара 1имранан да вара иза. Ахьмада когаш схьалаца г1ерташ верг Аюб хиллера, шена дитт т1е вала ца хуу дела, цуьнца хьалавала г1ерташ хиллера иза.

– Ваша, эццехь борз йу, борз йу, – бохуш, охьавоьссина, цунна т1евахара и шиъ.

– Цхьа а борз йац вайна йуххехь, кхера ца оьшу, шуьшиъ вашица ма ву.

Схьавола, аьлла, и шиъ маравоьллира. Шайн 1аьнна хьонка схьалахьийна, сихха вашица ц1ехьа бирзира уьш, сих-сиха забарш а йеш. «1аууу, борз йу», – бохуш, Аюб воьлучура ца соцуш ц1а кхечира уьш. Вашина баркалла олуш, суьйренца хьонка баа кхайкхира цара иза.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1