Нана
Зайтемиров Сайдик
Б1аьстенан цхьана суьйренца лечкъаргех ловзуш дара бераш. Цкъа хьалха дагардора цара: го а бой, шена т1ехь чекхдаьлларг гуо йукъара д1а а воккхуш. Гуо чекхбаьлча цхьаъ вуьсура. Иза б1аьргаш д1ахьаббеш хуьлура, биснарш д1алевчкъаш.
Б1аьргаш д1ахьаббеш волчо уьш лохура, шена гучубевллча, сихха воддий, «стук» йоккхура. Бисинчара б1аьргаш хьаббошверг дехьаваьлча, схьбовдий, цунна шаьш гале «стук» йоккхура. Иштта самукъане бераш ловзуш долуш, ц1еххьана 1елин нанас мохь туьйхира.
– 1ела! Воо 1ела.
– Х1ун боху ахь, нана!
– Сихонца схьаволахьа, нанина г1о оьшура, т1оьрмиган бертиг лаца.
– Ца вог1у со, суна лечкъаргех ловза лаьа.
Ведда ловза д1авахара иза. Луларчу берех иэхь хетта, ц1ейелира нана. Иза халла, ша т1оьрмигаш дуза йолайелира. Дагчохь цхьа а оьг1азло а йоцуш.
Ловзучу берашна гена воцуш, г1анта т1е хиъна 1ачу воккхачу стагана дерриге а гуш дара. Цо шена т1екхайкхира к1ант:
– Схьаволахьа, жима къонах! – аьлла
– Ваша, соьга бохий ахь?
– Дера боху.
– Охьахаал Вашина улле. Сан дог 1овжий ахь ч1ог1а. Ненаца иштта къамел деш ма ца хуьлу. Йа муьлххачу воккхачуьнца а. Ладог1ал цкъа соьга дика: «Нана йуй, и вай до1у са, дахар, дуьне ду. Цо санна т1алам беш, хьан дагна парг1ато йеш, шен дагца йовхо луш, куьйгашца дарба деш цхьа а адам хир дац. Вайна луъург йа вайна йеззарг шен аьттоне а ца хьоьжуш, латтайо нанас. Буьйсанна мерзачу набарх йуьйлуш, аганан г1аж лоций, сахиллалц и техкош, хьо аганара вожарна кхоьруш, жимма тийна хьан аз ца хезча, кхералой, ахь садо1ий хьоьжуш, меца висина, наб кхетарна кхоьруш хуьлу нана. Хьуна дагадог1ий, стохка хьо ишколе воьдуш, хьуна мел оьшу г1ирс эца сом а ца хилла, стеш даха йахча, дитта т1ера охьакхетта, хьан ненан п1ендарш кегдина? Хьуна ма сиха дицделла иза? Хьо меца ца вита стохка б1аьста дуьйна, ло диллалц, цо урд лелош хьегна къа дагадог1ий хьуна? И урд ша ахка а аьхкина, йуха г1орзанаш ата а аьтта, к1аьгнаш даьхна, цу чу хьаьжк1ан буьртигаш туьйсуш уьш д1айийна. Йуха шозза-кхузза асар дина, гурахь маьрсаца цхьацца схьалоцуш уьш хеда деш, даржош охьадехкина цу т1ера хьаьжк1аш схьайаьхна, царах ц1евнаш деш, ц1евнаш дина йаьлча цу г1одамех такхор бина. Цул т1аьхьа цу т1ера схьайаьхна хьаьжк1аш гехь ц1а а кхехьна, тхов т1ехь йакъийна, йуха т1оьрмиг чу йоьхкина, г1аж тухуш буьртигаш тхамарех схьакъастийна, куьркахь кхарза ма кхаьрзира цо уьш. Х1инца шена накъост эшча, хьоьга т1оьрмиг лаца вола ма бохура цо. Хьуна кхача бан ахьар дан йоллуш ма йу иза, шена къайлах даа йоллуш ма йац. Т1ехь да воцуш, цо мел хала кхиийна хьо.
Сан нана соьца йоцу ткъеитт шо ду. Ткъа цхьа минот, цхьа секонд йац суна сайн нана дагара йаьлла. Цуьнан сурт сан б1аьргашна хьалха лаьтта даима а. Мел малх кхетта довха денош даьхкина, малхо шен хаза з1аьнарш лаьтте кхийдорах а, бодане хуьлу суна нана йоцу денош. Багахула арадолу х1аваъ нана йолуш санна, парг1ат далац. Ткъа нанас бина кхача мел мерза хуьлура, баарх ца вуза а ца вузуш. Х1инца мел мерза, чомехь хилча а, чаьмза, къаьхьа хета иза. Хинан а шен цхьа бицлур боцу чам хуьлура, х1етахь хи чийлакаш чохь кармислаца гехь дохьура, х1инца и к1улов (шовда) сецна, цунна т1ебоьду некъ къух даьлла байна. Мел мийларх, нанас кховдийна хи санна, ас чомехь хи малаза ткъе иттех шо-м ду. Цамгаро лаьцна лазар дазделча, шен ховха, даьрбане куьйгаш коьрта т1е хьокхий, хьан лазарна дарба дора нанас. Сихха йоьдий котам схьа а лоций, тхан дега и йен йоьйтий, тила а йой, ц1анйой, йай чу тосура. Иштта йора ахьаран галнаш, саьрамсекхан берам. Т1аккха: «Жимма кхаллахьа, наниниг. Сихха толур ма ву. Жимма кхаллахьа. К1айн жижиг ма ду дарбане. Кхаллал ахьаран гала! Малал чорпа бохуш», – цо туьйсу гуонаш, х1инца биц-м ца ло. Балано, сингаттамо хьо лацахь, хьан дог ойъуш, мерза дош олуш, хьоьгара бала д1абоккхий и шена т1елоцуш нана бен йац хьуна. Гой хьуна, сан коьрта, йис йиллина, х1инца сан кху дагца йеха, бахамаш совбевлла дешийлахь вахарх, къаналле сан шераш лестарх сан дагца йехар йу. Ткъа со х1инца а цуьнан декхарх ваьлла ца хета суна. Х1инца и сан нана сайна к1инт1ера йалар доьхуш ву-кха со. Вай вешан ненан декхарх цкъа девр дац. Х1инца сихха ц1а а г1ой, и хьайн нана, хьайна къинт1ерайаккха.
Декъал да дера ву хьо, и йолуш. Массо х1ума д1алур дара ас, реза вара хила б1аьрзе, сайн нана цкъа ган а гина доггах маракъовлург.
– Б1аьргех хиш 1енара воккхачу стеган, амма сихха д1адохура цо уьш цхьанна гарна кхоьруш.
– Вашас динчу хьехарх кхеттий хьо?
– Кхетта, велха а ийзош, сихха ц1ехьа ведира к1ант. Цунна хаьара шегара доккха г1алат даьллий.
– Нана, нана! Бохуш, нанна маракхийтира к1ант.
– Къинт1ерайалахь сох даьллачу г1алатна! Хьан дог ас кхин дохор дац хьуна. Горгачу беснеш т1ехула уьдура кегийра т1адамаш.
– Ненан дог даиманна ду-кха доьзална къинт1ерадаьлла, даима а диллина ду иза.
– Дукхаваха хьо наниниг, г1алат массо а волу, амма шен хенахь г1алат нисдар ду коьртаниг.


