Зайтемиров Сайдик
– Ахьмад, Ахьмад, кхузахь ч1ара бу!
– Ваа, бан а ма бу х1ара-м ч1ара! Мел хаза а бу!
– Цунна вайшимма сихха г1о дан деза. Схьада хьайн карара жима чийлик а, вайшиннан мала хьош долу шишанна чуьра хи а. Вайшимма мангалкомарш кхана йохур йу, х1инца ч1ерана г1о дан деза вайшимма. Нана ма йала хьан, пекъар йа1, хи чекхдаьлла бисина хила-кх хьо, пекъар.
– Хила а хилла, Аюб, х1ара вайшимма ц1а а баьхьна, банки чу хи а доьттина, оцу чохь кхаба беза. Жимма боккха ма хилли, вайшимма кхарза а кхаьрзина, буур бу. Мел мерза хир бай и.
– Х1ан-х1а, Ахьмад, ахь нийса ца боху, къа ма ду цуьнан. Къа ца хета хьуна цунах? Хьуна муха хетар дара, хьо эрна арахь, уллехь цхьа да-нана, йиш-ваша доцуш, йа мала а, йа цхьа х1ума йоцуш висча. Йа хьо цхьанхьа чувоьллина кхаьбча. Суна дагадог1у, цхьаа шо хьалха со а, тхан нана а хьуьнах дечиг дан дахана. Со ца хууш ненах а къаьстина, тилавелла, дуьне дат1о санна мохь хьоькхуш, воьлхура. Нана ца карайора. Иштта иза а хиллера со лоьхуш.
Экха т1е а нисделла, цо со ваарна кхоьруш, сан хилла дог ма хуьлийла цхьана а са долчу х1уманан. Ма ирче де дара иза. «Х1ан-х1а, со велхарх г1уллакх хир дац», аьлла, сайн кара йоккхо г1аж а эцна, бежнаш лелачу новкъахула, охьаволавелира со, мохь а бетташ, со тилавелла, цхьа а вуй хьуьнахахь, бохуш. Ц1еххьана дуьхьал мохь беара суна, «со ву… Со ву», бохуш. Бежанаш дажо веана, тхан йуртара ваши хиллера иза. Дерриге дуьне сайна делча санна, хазахетта, Вашина маракхийтира со:
– Ваши, ахь со сайн нанна т1евуьгур вуй? - бохуш.
Со а, Ваши а дукха генавалале, цхьа мохь хезира тхойшинна, мохь-орца дохуш, кхойкхуш, суна девзира сайн ненан аз. Вашеа элира ас, и сан ненан аз ду, аьлла. Вашис а, ас а, дуьхьал мохь туьйхира, т1аккха жимма дехьа ма девллинехь, нана гучуйелира суна. Ведда, цунна маракхийтира со, цуьнца цхьаьна велха а воьлхуш. Доллу дуьне сайна схьаделча санна, хаза а хийтира.
Гой хьуна, кхуьнан нана а хир ма ю иштта ладоьг1уш, сагатлуш, йоьлхуш, шен к1орни лоьхуш. Х1ара ч1ара а боьлхур бу т1аккха шен нанна сагатдеш. Гой хьуна, д1асабетталуш бу иза, вайшиннах кхоьруш. Хьуна муха хетар дара, хьо наьрт аьрстахочун карахь хилча? Ойла йиний ахь?
– Суна бехк ма биллалахь, Аюб, ма нийса боху ахь. Хьо бакълуьйш ву. Вайшимма и д1ахеца беза. Схьада хьайгара жима чийлик, ткъа хьо, ч1ара, бадий, сихха д1аг1о, хьайн нанна йуххе.
– Дера бада-кх дукха сиха-м. Хьажахьа, Ахьмад, мацах со санна, ма сиха беди и. Ма ирс долуш хилла и ч1ара, вай цунна т1екхаьчна. Дика ду-кха цунна т1е Пису ца кхаьчна, цо «хьап», аьлла, д1акхоллур бара и.


