Йо1 а, тилпо а
– Нана, соьга тилпо лохьа, –
Йо1 шен нанна йелало.
Нанас олу: « Цулле а хьо
Малхе йалий, йолало».
Уьйт1а йеъна доттаг1 йайча,
Цхьа самукъаделира.
Къамел дина, цхьа хан яьлча,
Ши йо1 ловза йелира.
– Х1ара пеш ю, – олуш бертал
Лоха г1ант д1ах1оттира.
Наштаран кад лехна кертахь
Пеша т1е «йай» х1оттийра.
Уггар мерза жижиг вайн ду, –
Ши т1улг яйчу тесира.
Чопа йицлахь, чорпа «пал» бу, –
Олуш, чопа ийцира.
Таьллан бекъа сара лехна,
Кагбеш, галнаш хедийна.
Шунна метта, г1аш ду даьхна,
Жижиг даьлча кхихкина.
Галнаш сихха яйчу тесна,
Чоьлпа-г1аж чухьовзийра.
Уьш кхихкина евлла, аьлла,
Юу сурт а х1оттийра.
Ши йо1 къиежа, вовше хьоьжуш,
Реза ю шайн ловзарна.
Мерза-м ю вайн галнаш, – олуш,
Кхана ловза барт хилла.
– Нана, суна дов ма делахь,
Аса г1амарш кегорна.
Ахь соь тахна тилпо еллехь,
Со чохь 1ийна хир яра.
Йо1 д1аяхча юьхь, куьг йила
Шиехха Нана къежира.
Кхана цуьнга и ца яла,
Шен ойланца сацийра.
Этмаь1иг
Хьийзош, дина ц1а ду хаза,
Букъ т1ехь лелош ду цо иза.
Шен ц1а чу ца вуьгу цхьа а,
Охьадуьллуш дац и цкъа а.
Ге т1ехь цхьаъ бен ког бац цуьнан.
Цундела ю текхна лелаш.
И текхначохь лар ю т1уьна.
Лела меттахъхьедеш мекхаш.
Этмаь1иг вай юзо еза.
Х1ун хета те цунна мерза?
Копастан г1а цунна даккха.
Шен ц1а чуьра араяккха.


