«Аганан иллица со вижош, нана, вайн матте сан марзо кхиийра ахь.
Т1аьхьарчу т1аьхьено хестабеш кхана, хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь!» (1азим Юсупов)
Кечйинарг Масаева Амина
Дуьненахь дехачу х1ора а къоман Дала шен-шен мотт белла. Мотт – кхечу къамнех къастош йолу коьрта билгало йу цуьнан. Ненан мотт кхиарца къам кхуьу шен оьздангаллехь, литературехь, искусствехь а. Цундела, мотт байча, иза меттах1отталур доцу зен хуьлий дуьсу дуьнен чохь дехачу муьлхачу а къомана.
Нохчийн мотт – вайн халкъан дахаран хазна йу. Нохчийн мотт уггаре а ширачехь, хьалдолчех цхьаъ хиларан тоьшалла до ширачу тептарша, вайн бартакхолларалло, генарчу хенийн дийцарша, турпаллин иллеш а. Оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочо Л. Н. Толстойс иштта аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьо иза кхоччуш дика хууш велахь». Ненан матто 1амадо Даймохк беза, 1амадо вайна вешан нохчийн оьзда г1иллакхаш а, ламасташ а.
Вайн халкъан бартакхоллараллехь, иштта, нохчийн исбаьхьаллин литературехь а, ч1ог1а хаза а, дика а нисло вайн меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а, цаьрца цхьаьна церан хазалла а. «Орамаш ледара долу хен охьатоха куьйса мох а тоьъна», – олуш ду вайн халкъалахь. Цундела вайн орамашца йолу з1е кхио, ч1аг1йан, даима нохчийн халкъ кхин къаьмнаш санна маьрша, ирсе дахийта, вайна оьшуш ду т1екхуьучу чкъурана халкъан культурин истори йовзийтар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт 1алашбаран, шарбаран, кхиаран, къоман башхаллаш ларйарехь цо деш долу маь1на лакхадаккхара 1алашонца 2007-чу шеран х1утосург (май) беттан 11-чу дийнахь «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон арадоккхуш куьг йаздира оханан (апрель) беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де д1акхайкхош. Иза йокха г1улч йу, кхинд1айолчу ханна а вайн къоман меттан кхиар билгалдеш.
Вайн халкъан тайп-тайпана шира дийцарш, чулацаме иллеш, исбаьхьа туьйранаш, ира аларш, забаре дийцарш дика довзаро, дезаро г1о дийр ду шен халкъан г1иллакхаш, ламасташ, оьздангалла кхид1а а д1акхехьа а, ларйан а. Х1ара гулар арахоьцуш х1оттийна 1алашо – вайнахана йукъахь лелла долу дикачу г1иллакхийн, беламечу хиламийн масалш йешархойн шуьйрачу гонашкахь довзийтар.
Собар
«Хаьлхазаман чохь 1аьрбийн мотт–йоза хууш стаг наггахь ца хилли бохуш дуьйцу Нохчийчохь. Цхьа жимстаг вахана хила 1аьрбийн махка деша. И воьдучу хенахь цуьнан ц1ахь йисина кесталг1а йалийна зуда а хилла. Ткъа шарахь дешна цо. Дешна а ваьлла ц1а вог1уш (оцу заман чохь х1инца санна машенаш, ц1ерпошташ ца хилла), г1аш некъ беш вог1уш, кхаа дийнахь-буса некъ бича, цхьана нехан х1усамехь садо1уш сецна иза.
Х1усамдас хаттар дина:
- Хьо х1ун деш лела, къонаха?
- Со Дег1астанара деша веана вара, дешна а ваьлла сайн ц1а воьдуш ву, - жоп делла, хьешо.
Т1аккха хаьттина х1усамдас:
- Хьан 1илман коьртаниг х1ун ду?
Цо шена ца хаьа, хьайна хаахь дийцахьара аьлла дехна. Шена ца хаьа, хьайна 1илма 1амийначуьнга хатта ахь аьлла х1усамдас. Вуха а вахана хаьттича, хьехархочо «Хьекъал ду» аьлла.
Йухавог1уш д1ааьлла цо оцу стаге. Т1аккха йуха а хаьттина кхуьнга:
- Хьекъалан корта х1ун бу?
Йуха а вахана и хатта. Хьехархочо аьлла: «Собар ду».
Ц1а вог1уш, оцу х1усаме а вахана, д1ааьлла цо шега аьлларг. Т1аккха, х1усамдас кхунна дика хьошалла а дина 1уьйрре новкъаваьккхина.
Беха некъ бинчул т1аьхьа ц1а кхаьчна х1ара. Корах чухьажча, шен зудчун кара корта а биллина вижина 1аш жимстаг гина цунна. Эццехь, коьрте иккхина кхунна, шен зуда йезаш веана стаг ву те и аьлла. Чу а иккхина и шиъ ден дагахь, цаьршинна тоха диг лоьхуш уьдуш хилла иза. Т1аккха, ц1еххьана… «собар», «моссо х1уман к1ортаниг собар… йуха а собар». Жимма соцунг1а а хилла:
- Хей нах, буьйса йаккха меттиг хир йуй, - аьлла мохь тоьхна кхуо.
Хьаша т1е а эцна, цунна хьалха пхьор х1оттийна йаьлча, мичара, мила ву аьлла хаьттина хьеше.
- Со 1арбийн махка деша вахана вог1уш ву, ткъа шарахь деша а дешна. Х1унда хеттара ахь?
- Аса-м дера хоьтту хьо вахханчу хенахь вахана шен мар вара цига, и хьуна гиний те аьлла. Цунах х1умма хууш дац тхо. Дукха хало, бала лайна аса х1ара к1ант кхио г1ерташ даа-мала а доцуш. И цига деша ваханчу шарахь дуьнен чу ваьлла ву х1ара, сан жима къонаха.
Т1аккха и к1ант шен вуй и хиъна ч1ог1а хазахетта цунна.
1илманах дан х1ума дац, хекъал дацахь. Хьекъалх а дац дан х1ума, собар дацах!».
Дийцинарг – Рукъият Успанова
Оьздангалла
«Эла Закри ч1ог1а к1езиг йаах1ума йууш ву бохуш, вуьйцуш хезнера несана ша цуьнан вешега йале дуьйна а. Несо шен марваша зуьйш шун дуьззина ахьар-галнаш, дакъийна жижиг хьалхадиллина. Ша сени чу а йаьлла, х1ара тергалван х1оьттина, цо х1ун до хьажа.
Цхьа гала кхаьллина, ши гала а кхаьллина кхозлаг1а гала схьаэца м1ара т1ехьошшехь:
- Эх1, ге, эвхьазадалитийча, мА эвхьаза дер дара хьо, – аьлла м1ара охьабиллина цо».
Доьналла
«Цхьа зуда хила йо1 кхобуш йисина 1аш. Йо1 ч1ог1а хаза хилла. Лулахойн к1антана зуда йалийна д1ах1отта дезаш той-ловзар а долуш, оцу дийнахь, шен ткъа шо кхочуш, б1арг хилла, ц1еххьана йоьжна, йелла йо1.
Зуда схьайалийна, доьдуш доккха ловзар хилла. Йо1 йолу нана, шен йоь1ан дакъа маьнги к1ел теттина, самукъа долу кеп х1иттош, ша ловзаргахь лаьтташ хилла. Луларчу зудчо хаьттина:
- Йо1 ма йац хьан кхузахь гуш?
- Жимма коьрто сагатдо цуьнан, – аьлла, кхин шен дагара ца хоуьйтуш, ловзар д1адерзийтина йо1 йеллачу нанас.
Цул т1аьхьа, воьдург д1а-схьа а вахитийна, хаитийна нанас шен йо1 йалар».
Дийцинарг Хадижат Чукуева



