В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Хелхар – искусствон уггаре а ширачех цхьа кеп ю

 Ибрагимов Ризван

Францехь йолчу Ласко ц йолчу хьехан пена тIехь, хIинцачул 20 эзар шо гергга хьалха, сех терра хелхар дечу холмачхочун сурт ду.

Шира хелхар, пантомима санна, магин Iадатех кхолладелла ду.

Юьхьанца дуьйна хелхар поэзица а, музыкица а цхьаьна кхолладелла ала хала ду.

Хелхаран искусство, археологин материалаша чIагIдеш ма-хиллара, ширачу палеолитан оьмарехь,  поэзи а, музыка а кхоллаялале дуккха а хьалха хилла ю.

Ширачу заманашкахь дуьйна, дуьнен чу даьллачу адамца иза даллалц дехаш ду хелхар.

Iадатан (ритуальни) хелхарна тIера дIадолалуш хилла стеган белхан де.

Цкъа талла бахале хьалха, аьтту хилийтархьама, талларан сурт вовшашлахь хIоттош хилла хьалхалерчу наха.

Iадатан хелхарна тIера, тIаьхьо эшарна тIера а дIаболош хилла цара бIаьстенан белхаш.

Бозбуанчас (шаман) лелориг а, холмачхочун (колдун) магин Iадаташ а хелхарш а ду.

Хелхаран а, пантомимин а гIоьнца адамаша хиллачух а, шаьш лайначух а, шайн синхаамех а лаьцна дуьйцуш хилла.

Хелхар а, пантомима а юьхьанца дуьйна цхьаьна кхолладелла ала йиш йолуш ду.

Шира хелхар пантомимех схьадаьлла ду боху Iилманчаша.

Хелхар а, пантомима а хIинца искусствон тайп-тайпана жанраш елахь а, хелхаран мехала дакъа хилла лаьтта.

Хелхаран а, музыкин а, поэзин а синкретизм дуккха а тIаьхьа кхоллало, хелхаран искусствон коьрта декхар эстетически хилла дIахIоьттинчул тIаьхьа.

Цхьадолчу къаьмнийн хелхаран искусствехь синкретизм дуьххьара ма-хиллара а йисна, масала, индихойн ламастан  хелхардеш волчо, чIогIа ларъян еза музыкальни ритмика а, эшаран сюжет а.

Нохчийн хелхаран культура генарчу шираллера схьайогIу.

Вайн оьмарал 3 эзар шо хьалха Нохчийн махкахь карийначу культови йозан статуэткаша а, ширачу гIишлойн тIулгаш тIехь дехкинчу адамийн суьрташа а тIаьхьакхиа гIодо вайна нохчийн Iадатийн хелхарийн цхьайолчу кепашна.

Эчигах йина буьхьигаш тIехь лаьттачу божарийн суьрташ (дуста нохчийн божарийн буьхьигаш тIехь дечу хелхарца) карийна, гIобанан археологин культурин  материалашна юкъахь.

Хетарехь, истангийн бустамашца а хила тарло нохчийн божарийн а, зударийн а хелхаран суьртах хаамаш.

Уггаре а хьалхарчу нохчийн хелхаран амалх лаьцна йозанан хаам бу, XVIII-чу бIешеран европейски некъашгездархойн  материалашкахь.

Графа Я.Потоцкийс ма-яздарра: « …ерриге юрт схьагулйой, боккха гуо беш, охьаховший, эшарш лоькхуш, шедаган мукъамца кегийрхой-хелхарчаш юкъакхойкхура, цаьрга шайн  хьунарш  гайтийта.

Хелхаршца цхьаьна  охьатохарех летара уьш.

Цул тIаьхьа вовшашка куьйгаш лой, бехха цхьамогIа бой, эшарш лоькхуш, хелхабуьйлура уьш…».

Иштта, халкъан хелхаран а, эшаран а ансамбль кхоллаяллалц нохчийн тобанийн, юкъара хелхарца хилла бохучу ойланна дуьхьал оцу хаамо гойту, уьш хьалха заманахь дуьйна хилла хиларал сов, церан акробатически а, гимнастически а дакъош хилла хилар.

Церан  шираллах а, халкъан  хелхаран таллархойн Iадаташца уьйр  хилар а гойту цуьнан  кепийн цIераша а: «чанболар», «канболар», «сайнболар».

Ча а, ка а, сай а беза лоруш хилла нохчийн, хетарехь, уьш ширачу  заманашкахь тотемни  акхарой хилла.

Иза  иштта  хилла  хилар гойту археологически материалаша а.

Нохчийн юкъарчу а, шиннан а хелхарийн суьрто а, хатIо а гойту церан хьалха маьлхан  культаца  уьйр  хилла  хилар.

ГIобанан декоран  символикехь а, тIаьхьо аланийн керамикехь а, юккъерчу бIешерийн петроглифашкахь а къаьсттина дика хаало  нохчийн хелхар  гуонан  магица  доьзна  хилар.

Шен  дакъалацархошка  хьаьжжина  нохчийн  хелхарш  юкъара а, шиннан а, цхьаьннан а хуьлу.

Шиннан а, цхьаьннан а хелхарш хила тарло  божарийн а, зударийн а.

Вевзаш  волчу  этнографна С.-М. Хасиевна  хетарехь, юкъара халкъан  хелхарш  деш  хилла  шишша-веамма а, шишша-ялхамма а, шишша-бархIамма а, аьлча а церан куц-кеп классически свастикех тера хилла.

Маьлхан культаца а, иштта  тайп-тайпанчу  латталелоран  культашца а доьзна хилла уьш.

Зорбане кечйинарг – Ибрагимов Ризван

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1