- § 69. Лаамечу причастийн лач дожарийн чаккхенаш цхьаллин терахьехь -чун, -чунна, -чо, -чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул, дукхаллин терахьехь -черан, -чарна, -чара, -чаьрца, -чарах, -чаьрга, -чарал йазйо.
Масала:
ЦӀ. олург олурш
Дл. олучун олучеран
Л. олучунна олучарна
Др. олучо олучара
К. олучуьнца олучаьрца
- X. олучух олучарах
М. олучуьнга олучаьрга
Дс. олучул олучарал
ЦӀ. дешнарг дешнарш
Дл. дешначун дешначеран
Л. дешначунна дешначарна
Др. дешначо дешначара
К. дешначуьнца дешначаьрца
- X. дешначух дешначарах
М. дешначуьнга дешначаьрга
Дс. дешначул дешначарал
- § 70. Хандешнех латтаман кепаш кхоллалуш, мукъазчу аьзнийн шалхадалар йозанехь билгалдоккху:
хеззашехь, хеззнашехь, хезнашшехь;
гушшехь, гиннашехь;
моллушехь, меллашехь;
дуьйццушехь, дийцциншехь;
дешшехь, диннашехь, динашшехь.
Амма «ъ» аз шалхадолучохь «ъ» элп цхьаъ бен ца йаздо:
дуу – дуъушехь («дуъъушехь» ца йаздеш);
хьаа – хьаьъашехь, хьаьънашехь;
тоа – тоьъашехь, тоьънашехь.
- § 71. Йаханчу хенан хандашах хиллачу латтаман кепехь суффикс -чи ца йазйеш -ча йазйо.
Масала:
аьлла – аьлча;
хезна – хезча;
йаздина – йаздича;
Ӏемина – Ӏемича;
дийцина–дийцича;
хаьттина – хаьттича;
хьаьжна – хьаьжча.
Билгалдаккхар. Фольклорехь, исбаьхьаллин литературехь, барта къамелехь -чахь чаккхе лелор нисло: аьлчахь, хезчахь, йаздичахь, Ӏемичахь, дийцичахь.
- § 72. «Ду» бохучу хандашах кхоллайеллачу причастин лааме а, лаамаза а кепаш – «долу», «дерг», «доцу», «доцург» – къаьстина йазйо:
хуьлуш долу – хуьлуш дерг – хуьлуш доцу – хуьлуш доцург;
гуш долу – гуш дерг – гуш доцу – гуш доцург;
гун долу – гун дерг – гун доцу – гун доцург;
луш долу – луш дерг – луш доцу – луш доцург;
самах долу – самах дерг – самах доцу – самах доцург;
са долу – са дерг – са доцу – са доцург;
лун долу – лун дерг – лун доцу – лун доцург;
декхар долу – декхар дерг – декхар доцу – декхар доцург;
сийлахь долу – сийлахь дерг – сийлахь доцу – сийлахь доцург;
къайлах долу – къайлах дерг – къайлах доцу – къайлах доцург;
мел долу – мел дерг – мел доцу – мел доцург;
дагахь долу – дагахь дерг – дагахь доцу – дагахь доцург;
ЦХЬАЬНА А, КЪАЬСТИНА А, ДЕФИСЦА А ЙАЗДАР
Чолхечу цӀердешнийн нийсайаздар
- § 73. Шиъ йа масех дош цхьаьнакхетар чолхе дош ларало, нагахь оцу цхьаьнакхетарехь керла маьӀна а делахь, церан тӀаьххьара дакъа бен хийцалуш а дацахь, царах цхьаъ ша къаьстина оццу маьӀнехь лелаш а дацахь: дегабаам, беттаса, билгалдош, бочабӀар, бобер, дагалацам, дагахьбаллам, Даймохк, даьхнилелорхо, деваша, дегайовхо, дейиша, демаьхча, денана, дешдакъа, жаӀу, зудабер, йишикӀант, йукъаметтиг, йоӀстаг, кӀантстаг, куцдош, къилбаседе, къинхетам, къинхьегам, малхбале, малхбузе, марваша, марда, марнана, маьрйиша, маьхчйоӀ, маьхчкӀант, мехкадаьтта, нēнамаьхча, ненанана, стунваша, стунда, стунйиша, стуннана, тешнабехк, озабезам, хьелиозархо, цӀердош, цӀийнда, цӀийннана, цӀоькъалом, шагатӀулг, шалгу, шедакхаж, шичйоӀ, шичкӀант.
Билгалдаккхар. ШолгӀа компонент «кӀант», «йоӀ» дешнашца долчу цхьаьнакхетаршкахь дакъош къаьстина йаздар а магадо, хьалхара дакъа йуьззинчу кепехь а йаздеш: шичин кӀант, маьхчин кӀант, шичин йоӀ, маьхчин йоӀ.
- § 74. ЦӀердошший, лааме причастий цхьаьнакхетарца хилла цӀердешнаш цхьаьна йаздо.
Масала: чӀерийлоьцург (олхазар), босбуург, хидуьллург (тӀадам), чимтосург, шекъадуттург, шекардуьллург, туьхадуьллург, хӀутосург, йолхьокхург, кӀаорург, тӀобоккхург, кӀалдйоккхург, чермадузург, йукъанайуьллург.
- § 75. «БӀе», «шо» лардаш цӀердешан маьӀнехь лелаш йелахь, цхьаьна йазйо (ткъолгӀа бӀешо, вуьрхӀитталгӀа бӀешо, йуккъера бӀешераш). Терахьдош а, цӀердош а шен шен маьӀнехь лелаш делахь, къаьстина йаздо (бӀе шо даьлча; бӀе шо хьалха; итт шо кхаьчна).
- § 76. Гулдаран маьӀнехь долу чолхе цӀердешнаш дефисца йаздо: да-нана (да а, нана а), коч-хеча (коч а, хеча а), кад-Ӏайг (кад а, Ӏайг а), тай-маха (тай а, маха а), текх-цаца (текх а, цаца а), ког-корта (ког а, корта а), мох-дарц (мох а, дарц а), ка-мӀараш, нуй-аьшкал, нуй-горгам, сал-пал, шай-кай.
- § 77. Йуххедиллар ша билгалдечу дашца дефисца йаздо: зуда-хьехархо, чабакх-чӀара, йай-чӀара, нана-котам, йоӀ-дешархо, буц-аре, нана-борз, Соип-молла, газа-гуьзалг, Нана-ДегӀаста, Нана-Нохчийчоь, седа-жайна.
- § 78. Цхьана дешан маьӀна а долуш, цхьаьнакхеттачу шина цӀердашах хилла чолхе цӀердешнаш дефисца йаздо.
Масала: инарла-майор, инарла-лейтенант, инарла-полковник, премьер-министр, вице-президент (легарехь шолгӀа цӀердош бен ца хийцало: инарла-майора, инарла-лейтенанта).
- § 79. Цхьа хӀума билгалйеш йолу чолхе долахь цӀераш дефисца йазйо, ший а дакъа доккхачу элпаца а йаздеш.
Масала: Мохьмад-СаӀид, Сайд-Мохьмад, Сайд-Ӏусман, Тиймар-Солта, Ӏабдул-Керим, Ӏели-Йурт, Ножи-Йурт, Селам-Солта.
- § 80. «Ах» боху дош шеца долчу цӀердашах къаьстина йаздо: ах хорбаз, ах агӀо, ах йурт, ах керт, ах дакъа, ах километр, ах мах, ах сом.
Йукъардаккхар: ахгӀайре.
Чолхечу билгалдешнийн нийсайаздар
- § 81. Доланиг дожаран кепехь долчу шишша йа цул сов цхьаьна нисделлачу дешнех хилла чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо.
Масала: нохчийн-оьрсийн лугӀат, оьрсийн-нохчийн лугӀат, нохчийн-гӀалгӀайн-оьрсийн лугӀат.
- § 82. Мухаллин билгалдешнийн лардех лаьтташ долу чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо:
цӀен-къорза;
йуткъа-йеха;
лоха-лекха;
тиша-цӀена;
дика-вон;
сирла-цӀен;
таьӀна-цӀен;
цӀен-расха;
таьӀна-цӀен-можа;
таьӀна-боьмаша;
кӀеда-мерза.
- § 83. Дустаран маьӀнехь долу цӀердошший, мухаллин билгалдошший цхьаьнакхетарца кхоллалуш долу чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо:
шурул-кӀайн;
кӀарул-Ӏаьржа;
цӀарул-цӀен;
барул-можа;
бел-баьццара;
лилул-сийна.
- § 84. Орам карлабаларца кхолладелла чолхе билгалдешнаш дефисца йаздо.
Масала:
дик-диканиг (дик-дика);
хаз-хазаниг (хаз-хаза);
жим-жиманиг (жим-жима);
лекх-лекханиг (лекх-лекха);
лох-лоханиг (лох-лоха);
керл-керланиг (керл-керла);
йокх-йоккханиг (йокх-йоккха).
- § 85. ЦӀерниг дожарехь долчу цӀердашна тӀе билгалдош кхетарца кхолладелла дешнаш цхьаьна йаздо.
Масала: догцӀена стаг – догцӀенаниг, догдика адам – догдиканиг, догмайра иччархо – догмайраниг, догкӀеда, догъӀаьржа; сацӀена, тӀамшера, самаьрша, самеца, сакӀезга, чошера, чуомеца, бӀасийна, боссийна, босцӀена, босхаза, куьгбехке, когбайн, куьгговза.
Чолхечу терахьдешнийн нийсайаздар
- § 86. Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца йаздо.
Масала: биъ-биъ къолам, йалх-йалх дешархо, ворхӀ-ворхӀ жайна, исс-исс могӀа.
Билгалдаккхар. Цхьайттанна тӀера ткъоьссанна тӀе кхаччалц долу терахьдешнаш а, ткъаннаш дагардеш долу шовзткъа, кхузткъа, доьзткъа боху терахьдешнаш а декъаран терахьдешнашка дерзош, дефисца йаздо, хьалхара орам шалха а болуш: цхьайт-цхьайтта, шийт-шийтта, кхойт-кхойтта, дейт-дейтта, пхийт-пхийтта, йал-йалхитта, вуьр-вуьрхӀитта, бер-берхӀитта, ткъоьс-ткъоьсна, шов-шовзткъа, кхуз-кхузткъа, доьз-доьзткъа.
- § 87. Чолхе билгалза-масаллин терахьдешнаш дефисца йаздо.
Масала: цхьа-ши стаг – цхьа-шиъ, кхо-виъ кӀант, пхи-йалх, исс-итт, ши-кхо кор – ши-кхоъ.
- § 88. Цхьайттанна тӀера берхӀиттанна тӀе кхаччалц долчу чолхечу масаллин терахьдешнийн ши орам цхьаьнакхетачохь, хьалхарчу ораман чаккхенгарчу мукъачу элпана тӀехьа -йтта, мукъазчунна тӀехьа -итта йаздо.
Масала: цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта, йалхитта, вуьрхӀитта, берхӀитта.
- § 89. ХӀоттаман терахьдашна йукъахь долу хӀора дош къаьстина йаздо.
Масала: ткъе цхьаъ, эзар ворхӀ бӀе ткъе йалх.
ЦӀерметдешнийн нийсайаздар
- § 90. Йуьззинчу кепашкахь цхьаьнадогӀуш долу йаххьийн а, доладерзоран а цӀерметдешнаш къаьстина йаздо: со суо, хьо хьуо, и ша, тхо тхаьш, вай ваьш, шу шаьш, уьш шаьш.
Лакхахь далийнчарах кхоллайелла лач дожарийн кепаш а, лааме цӀерметдешнаш а ду къаьстина йаздеш: сан сайн – сан сайниг, хьан хьайн – хьан хьайниг, цуьнан шен – цуьнан шениг, тхан тхешан – тхан тхешаниг, вайн вешан – вайн вешаниг, шун шайн – шун шайниг, церан шайн – церан шайниг, кхуьнан шен – кхуьнан шениг, кхеран шайн – кхеран шайниг, цо ша, ахь айхьа, соьга сайга, хьоьца хьайца, шуьца шайца
- § 91. Орам карлабаларца кхоллалуш долу чолхе цӀерметдешнаш дефисца йаздо: муьлх-муьлха, муьлх-муьлхха а, мил-мила, мил-милла а, хьен-хьеннан а, хьан-хьанна а, хьаъ-хьаъа а, хьаьнц-хьаьнца а, хьан-хьаннах а, хьаьнг-хьаьнгга а, хьан-хьаннал а.
- § 92. «Волу», «верг» тӀекхетарца кхолладелла цӀерметдешнаш цхьаьна йаздо: цхьаволу – цхьаверг, цхьаццаволу – цхьаццаверг, кхиволу – кхиверг, наггахьволу – наггахьверг, дукхахберш, дукхахверг.
Чолхечу хандешнийн нийсайаздар
- § 93. Билгалдешнашна а, хандешнашна а тӀе «дан», «дайта», «дала», «далийта», «даккха» («дāха»), «дāла» («довла», «дийла»), «дуола» кхетарца кхолладелла хандешнаш цхьаьна йаздо:
йаздан, сихдан, цӀийдан, кӀайдан, кӀайдайта, цӀандайта, малдайта;
самайаккха, карлайаккха, самсадаккха;
лахдала, жимдала, кӀайдала, цӀийдала, Ӏарждала, сендала;
макхдалийта, маждалийта, кӀаддалийта, гӀелдалийта, жимдалийта, хьабдалийта, дийцадалийта;
самайала, серлайала, самсайала, лакхадала;
писдуола, мурдуола, мажардуола.
- § 94. Билгалдешнашна тӀе «дан», «дала» (карарчу хенахь – «ло»), «дайта», «дуола» кхетарца кхолладеллачу хандешнашкахь хьалхарчу лардан чаккхенгара «а» ца йаздо:
лахдала, жимдала, кӀаддала, кӀаргдала, Ӏарждала;
къордуола, писдуола, мурдуола;
марздан, Ӏарждан, мацдан, цӀиндан;
сендайта, тӀундайта, дурдайта.
Билгалдешнашна а, куцдешнашна а тӀе «даккха» («дāха»), «дāла» («довла», «дийла») кхетарца кхолладеллачу хандешнашкахь хьалхарчу лардан чаккхенгара «а» йаздо:
лакхадаккха, лахадаккха, генадаккха;
самадāла, чуьрадāла, гучадāла;
самадовла, чуьрадовла;
арадийла, къайладийла;
самсадаха, нилхадаха.
- § 95. Хандешнашна тӀе «дан» («до», «дуора»), «дайта», «дала», «далийта», «даккха» («дāха»), «дāла» («довла», «дийла») кхетарца кхолладеллачу хандешнашкахь хьалхарчу лардан чаккхенгара «а» йаздо:
Ӏамадо, сацадо, тешадо;
сацадайта, Ӏамадайта, лазадайта;
деладала, ийзадала, къовсадала;
тохадалийта, лацадалийта, деттадалийта;
ловзадаккха, халхадаккха, лазадаккха;
ловзадāла, халхадāла, сийсадāла;
хьийзадовла, ловзадовла, халхадовла;
ловзадийла, халхадийла.
- § 96. Чолхечу хандешнашкахь хьалхара лард шиннал сов дешдекъах лаьтташ йелахь, оцу лардан чаккхенгара «а» ца йаздо:
йукъара – йукъардала; йукъардаккха;
нацкъара – нацкъардала;
йуьстаха – йуьстахдала;
Ӏункара – Ӏункардерза;
букара – букарвола.
Чолхе причастеш, деепричастеш нийсайазйар
- § 97. Орам карлабоккхуш кхоллайелла чолхе причастеш дефисца йазйо.
Масала: йаз-йазйинарг, йазйин-йинарг, йеш-йешнарг, гин-гинарг, аьл-аьлларг, хез-хезарг, хез-хезнарг, соц-соцург, сец-сецнарг, хьож-хьожург, хьаьж-хьаьжнарг, мег-мегарг, мег-мегнарг, дийц-дийцина, лиъ-лиъна, тоьх-тоьхна, маг-магийна, сац-сацийна, хаз-хаздина.
- § 98. Деепричастешкахь маьӀна чӀагӀдечохь деха олуш долу мукъа аьзнаш у йа а гойту элпаш йуккъе дефис а йуьллуш, шала йаздо.
Масала: дуьйцу-уш, Ӏема-аш, соьцу-уш, йожуьйту-уш, Ӏийна-а, лелла-а.
- § 99. Дош карладоккхуш а, чӀагӀдаран маьӀница а кхоллайелла чолхе деепричастеш шинхьа дефис йуьллуш йазйо.
Масала: соц-соцу-уш, Ӏем-Ӏема-аш, лох-лоху-уш, хорж-хоржу-уш, хьож-хьожу-уш, йуьл-йуьллу-уш, хез-хеза-аш.


