Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Чеченская Республика подвела итоги голосования

Чеченская Республика подвела итоги голосования

Иман Хамдиева 20 сентября Чеченская Республика завершила избирательную кампанию, продемонстрировав всей стране впечатляющий уровень гражданской...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Кадыров Iабдул-Хьамидан кIант Ахьмад-Хьаьжа

Солтамурадов Iадланан Джалил,

11 «А» классан дешархо

Соьлжа-ГIалин МБЙХь

«Гимнази № 5»

Нохчийн меттан,

литературин хьехархо

Исаков Наврдин Бирлант

Го чIагIбеш, улло дIахIитта

Бакъ-харцо цацанах литта

Шайн некъаш хилийта нийса,

Кханене онда гIулч тийса…

Ахьмад-Хьаьжа Кадыров

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Делах чIогIа тешаш волу бусулба, дерриге а дуьненна вевзаш волу Iеламстаг, кхетаме, хьуьнаре политик, майра бIаьхьо, шен доьзалан дика да, хета тарло, кхин хIун хила деза стагехь аьлла?!  Къонах! ХIун ду те къонах бохург? Мила ву иза – къонах хила хьекъал, ницкъ, доьналла кхаьчнарг?

ХIора стаг уггар хьалха шен доьзалехь Iема оьзда, ийманехь, собаре, хьекъале хила. Къонах кхиар дений, нанний совгIат хилла ца Iаш, махкана а совгIат ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Iилманан хазнаш карайерзочу хенахь, цо сатийсинарг дацара цунна тIехIоьттинарг. Делахь а, нохчийн халкъана чолхе йеъначу заманахь йуьстаха ца сецаш, машарехьа кхайкхам беш йукъавелира турпала-кIант. Оцу муьрехь доьналла, хьикмат, майралла, собар, ийман, къинхетам болуш стаг вара оьшуш.

Тхан нохчийн меттан кабинет чохь мехала библиотека йу. Керла арадевлла журналаш а, газеташ а хуьлу цу чохь. 2022-чу шарахь арадаьллачу «Йаздархо» журнала тIехь йийшира ас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин байташ. Оцу кепара могIанаш вовшахтасалур дарий шен Даймохк шен сих дIаэбина ца хилча. Суна чIогIа дагах кхийтира уьш:

Хьомсара Нохчийчоь – дай баьхна латта!

Мокхаза берд санна, даим хьо латта!

Халонаш, баланаш хьуна тIехIиттина,

Амма хьо къар ца луш, къийсамна гIиттина.

Ахьмад-Хьаьжин дахар массо а хенахь шен халкъан кхолламех доьзна хилла. Орцахвала да воцуш, доьхна-даьржина хьийзачу адамна орцахвала а, сирлачу кханене догдохийла кхолла а, маршонан серло гайта а ницкъ кхочу цуьнан. И воцург цхьа а хIуттур вацара иштта беза мохь шена тIелаца. Машарехьа цо хаьржина некъ къобалбеш, эзарнаш кегийрхой, герзаш охьа а дохкуш, цунах дIакхийтира. Машаран мостагIий къар беш, халкъ а, Нохчийчоь а паргIатйаккхаран, когахIотторан новкъа схьавогIу иза. ТIаьхьо Ахьмад-Хьаьжас йаздийр ду хIара могIанаш:

Волурий со, дуьхьал ца ваьлча,

Халкъ Iин йисте хIоьттича,

Iедал Iеса даьлча,

Нехан кортош чу

Харц Iилманан соьла доьттича,

Волурий со, дуьхьал ца ваьлча?!

Бакъдерг ца аьлча?!

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Сан герз бакъдош ду, оцу герзана хьалха гIорасиз ду муьлхха а эскар». Иза хилла аьлла хета суна цуьнан дахаран коьрта толам. Ахьмад-Хьаьжа шен къоман кIант вара. Цуьнан санна цунах дог лозуш стаг хила а хиллий техьа олий, дагатосу. Ша Iеламстаг хиларе терра, харцо ца йезаш, бакъонна тIегIерташ, харцлуьйш волчуьнга йуьхьдуьхьал «хьо харц лоь!» олуш хилла цо.

Ша нохчийн халкъе бинчу кхайкхамехь боху цо: «Халкъ тIом оьшуш дац… Тахана нохчийн халкъана оьшург барт а бу, цхьаалла а йу». Нохчийн бакъонаш ларйан ницкъ кхочу цуьнан. Тешаме, майра, хьанала, похIме хилла ца Iаш, тоьллачу турпалхочун некъ бу Ахьмад-Хьаьжас бинарг. БIо ца къажош, муьлха а шена тIедеана гIуллакх кхочушдеш, гIийла-мискачун накъост хилла, халкъан а, мехкан а дола деш, халачу некъаца схьавогIу иза. Цунах теша а тешна, цхьабарт хилла цунна тIаьхьа а хIоьттина, шен къастам бира халкъо – Россица цхьаьна хила. Ткъа таханлерчу дийно вайна гойту иза цхьаъ бен йоцу нийса гIулч хилла хилар. Нохчийн халкъана хьалхабевллачу тхьамданех Ахьмад-Хьаьжа дуьххьарлераниг вара нохчийн халкъан хьокъехь дуьненахь кхоллайелла харц ойла хийца а, иза (халкъ) дуьненна ма-дарра дIадовзийта а араваьлларг. И сийлахь декхар тIех дика кхочушдина хилар билгало йу хIара дешнаш:

Хьан дуьхьа лела тхо, даларх а ца кхоьруш,

Хьан дуьхьа къахьоьгу, хан-зама ца лоьруш,

Тхан ницкъаш, тхан хьуьнарш хьуна ду лерина.

Довхачу хьан даго тхан дахар кхелина.

Халкъан турпалхо даим веха адамийн дегнашкахь. Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ нийса а, беркате а хиларан билгало йу таханлерчу вайн мехкан исбаьхьа кхиар. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин турпалчу дахаран некъан беркате стоьмаш бу вай бIаьрг мел тоьхначохь гуш Нохчийн Республикехь. Уьш кхиорехь хаддаза, ша ца кхоош, къахьоьгуш, схьавогIу Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан а.

2004-чу шеран хIутосург беттан 9-чу дийнахь халкъан мостагIаша йамартлонца тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина. Иза боккха эшам бара хьалкъана а, махкана а. Шен халкъан дуьхьа гIазотехь дIакхелхира Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Бакъду, турпалхой леш бац, уьш беха даима адамийн эсехь!

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1