Исаков Наврдин Бирлант,
нохчийн меттан, литературин
хьехархо Соьлжа-ГIалин
МБЙХь «Гимнази № 5»
Нохчийн литература. 11 класс
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: ненан мотт Iамор, Россин Федерацин а, шен къоман а, Россин къаьмнийн а истори, культура йовза лууш хилар; ша-шех кхетар, цу йукъахь шен синхааман хьолах кхета хаар.
Метапредметни: дуьне довзаран гIирс санна меттан а, йешаран а культура карайерзор; догIуш долу хаттарш хIиттор, шен лаамехь лоьхучу хаамашна жоп лахар.
Предметни: Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.
- 4. Коьрта дешнаш: йаздархо, роман,
- 5. Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст
- 6. Урокехь дан лерина гIуллакх-даран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар)
Таблица тIейузар
Хаттарш, тIедахкарш
Мах хадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
Ойланца со цхьалха
Висинчу хенахь,
Бералла даглоьцу,
Вацахь а къена.
Ойланца волий дIа
Воьду со гена,
Нийсаршца бералла
Текхначу хене.
Гуш санна, хетало
Ламанан даккъаш,
Чехка хиш, беркате
Аренаш, хьаннаш,
Вина йурт, Яьсси-хин
Берда тIехь лакхахь,
Ца йицло дагна и
Цхьана а ханна…
Лаьар-кха caйн оьмар
Жимма йахлойла,
Хьомечу халкъана,
Махкана ваца…».
Дийца, хьан йазйина хIара байт? (Абузар Айдамиров)
Стенах лаьцна йу хIара?
Лирически турпалхочун ойланаш авторан синхаамашца богIуш буй?
Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)
Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» - автор:
1) Исаева Марьям +
2) Ошаев Халид
3) Мамакаев Мохьмад
4) Сулаев Мохьмад
- 2. Роман-дилоги йазйина:
1) Исаева Марьяма +
2) Ошаев Халида
3) Мамакаев Мохьмада
4) Сулаев Мохьмада
- 3. Исаева Марьям йина ... -чу шарахь ... цIе йолчу йуьртахь.
1) 1898-чу ш. Одесса +
2) 1903-чу ш. Хьалха-Марта
3) 1922-чу ш. Валарг
4)1910-чу ш. ТIехьа-Марта
- 4. ХIокху дешнийн автор ву: «…молодая учительница была необыкновенной красоты, типа лермонтовских черкешенок, в которую мы все, конечно, тайно были влюблены, …писала стихи.
По-женски нежные и безмятежные стихи её до нас, мятежников, совсем не доходили».
1) Сайдуллаев Хьасан
2) Мамакаев Iаьрби
3) Авторханов Iабдурахьман+
4) Кибиев Мусбек
- 5. «Ирсан орам» цIе йолу роман зорбане йелира:
1) 1964-чу шарахь +
2) 1965-чу шарахь
3) 1967-чу шарахь
4) 1969-чу шарахь
Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл).
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Iамат тIера статья йешар, текст тIейузар.
Нохчийчоьнан халкъан йаздархо Айдамиров Абузар вина _____-чу шеран ______ беттан _____-чу дийнахь ____________ кIоштарчу Мескетахь Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терахь ____ шо билгалдаьккхина ду, иза Сибрехахь долуш спецкомендатурехь дIайаздина нийса доцу терахь хилла). Шен деца дукха хан ца йаьккхина Абузара, хIетахьлерчу Iедало доьналла долу нах хьийзочу заманахь, ______________________ а, йоцу цIе а кхоьллина, Сибреха вахийтина хилла. Лаьцначохь ________ шо а даьккхина, иза цIавеъанчу кхоалгIачу дийнахь Абузаран нана _________ кхелхина. Цу тайпана, да-нана цхьаьна а долуш, царах марзо эцар ца хилла жимачу Абузаран.
Нийса жоп:
Нохчийчоьнан халкъан йаздархо Айдамиров Абузар вина 1929-чу шеран эсаран беттан 29-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескетахь Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терахь 1933 шо билгалдаьккхина ду, иза Сибрехахь долуш спецкомендатурехь дIайаздина нийса доцу терахь хилла). Шен деца дукха хан ца йаьккхина Абузара, хIетахьлерчу Iедало доьналла долу нах хьийзочу заманахь, Iабдул-Хьаькам а, йоцу цIе а кхоьллина, Сибреха вахийтина хилла. Лаьцначохь бархI шо а даьккхина, иза цIа веъначу кхоалгIачу дийнахь Абузаран нана Яхарг кхелхина. Цу тайпана, да-нана цхьаьна а долуш, царах марзо эцар ца хилла жимачу Абузаран.
Дешнаш тIехь болх:
«Пхьармат» – йаздархойн цхьаьнакхетаралла
Талламхо – исследователь
Куьйгайоза – рукопись
Хьехархочун дош
ПаргIато а йаьлла, нохчийн къам Даймахка цIадоьрзучу хенахь, 1957-чу шарахь, шен йуьрта Меската цIа а веъна, ворхIшеран ишколе историн, нохчийн меттан, литературин хьехархочун балха хIоьттина Айдамиров Абузар. 1958-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хьехархойн кхаа беттан курсаш чекхйаьхна цо. Оцу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете заочно деша а вахна, историн хьехархочун корматалла карайерзош, 1963-чу шарахь и институт чекхйаьккхина Абузара.
Iаматах пайда а оьцуш, тIейуза таблица.
|
Хаттар, тIедиллар |
Тезис |
|
Дахаран шераш |
|
|
Дешна |
|
|
Болх бина |
|
|
СовгIаташ делла |
|
|
Зорбане йевлла байташ |
Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат».
ДIайеша текст, билгалдаха говзарш зорбане йаьхна шераш:
Гонахарчу дахарера проблемаш хIиттайо йаздархочо шен дуьххьарлерчу прозаически говзаршкахь. Дешархоша а, критико а дика тIеийцира «Ненан дог» (…), «Генарсолтийн хьуьнарш» (…) цIераш йолу киншкаш. Вайнехан доьзалехь, йукъараллехь зудчун сий лардаре кхойкху автор. Оьздангаллица, гIиллакхца, вовшийн ларарца кхолла йеза доьзалехь йукъаметтигаш, боху цо. Йаздархочун «Лаьмнашкахь серло» (…), «Тхан эвлахь» (…), «Лаьмнийн некъашкахула» (…) цIераш йолчу киншкаш тIера дукхаха йолу говзарш а йара йуьртан дахар гойтуш.
Нийса жоп
Гонахарчу дахарера проблемаш хIиттайо йаздархочо шен дуьххьарлерчу прозаически говзаршкахь. Дешархоша а, критико а дика тIеийцира «Ненан дог» (1961), «Генарсолтийн хьуьнарш» (1965) цIераш йолу киншкаш. Вайнехан доьзалехь, йукъараллехь зудчун сий лардаре кхойкху автор. Оьздангаллица, гIиллакхца, вовшийн ларарца кхолла йеза доьзалехь йукъаметтигаш, боху цо. Йаздархочун «Лаьмнашкахь серло» (1963), «Тхан эвлахь» (1966), «Лаьмнийн некъашкахула» (1975) цIераш йолчу киншкаш тIера дукхаха йолу говзарш а йара йуьртан дахар гойтуш.
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Доьзалехь муьлха гIиллакх ду лардан дезаш?
Кхин муьлха къоман ламасташ девза шуна? Дийца царах лаций.
«Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» Iилманан белхан автор мила ву? (Ахмадов Муса)
БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
Маца, мичахь вина Абузар Айдамиров?
Цуьнан говзарийн коьрта тема муьлха йу?
А. Абузаран трилогин цIераш муха йу?
Дуьххьарлера говзаран цIе муха йара?
Йаздархочун муьлха книгаш, Iаьрбин матте а йаьхна, арахецна Иорданехь?
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
- 1. А. Абузарх лаьцна статья схьайийца кечйе.
- 2. «Айдамиров Абузар дахар, кхолларалла» темина тест хIоттайе.


