Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

И йара бIаьстенан хьалхара йуьхь. Iаьнах даьлла Iалам дара маьлхан йовхоно хьоьстуш, делакъежаш. Бешахь дечкех керт йеш воллучу дедена гонаха хьийзаш вара Мухьаммад а. Иза вара, шен жималле хьаьжна воцуш дедена дика накъост.

Иштта, цу дийнахь, дадина улле хьийзачу кIантана хезира, гена доцуш, халла хаалуш цхьа тамашена узар.

– Дада, хьуна хезий, цхьаъ воьлхуш санна ма хетало суна? – элира Мухьаммада.

– Тера-м хета, – элира дедас.

Дикка ладоьгIучу Мухьаммадна йуха а хааделира гIийла узарш.  Цу гIовгIана тIевахара кIант. Герга кхаьчначу цунна гира тIам бойна йетталуш Iуьллу гIаргIули. ТIам лазийначу меттехь Iийдалуш цIийн тIадмаш а дара гуш. ЧIогIа къахийтира кIантана цунах.

Сихха иза мара а йоьллина, дедена тIевахара Мухьаммад. Хих буьзна бара цуьнан ши бIаьрг ... Кеда кIа тесна хи а дуттуш доггах Iалаш йира цуо гIаргIули. Кхана школехь шен накъосташка дийца дIадиллира тахана нисделларг.

Цу Iуьйранна хIинццалц ша волучул хьалхе самавелира кIант. Ша гIоттушехь, тIехьа керта вахара гIаргIули хIун деш йу хьажа. Цуьнгара хьал а хиъна, кIант школе дIавахара. Шен классерчу барашна дийцира цо хилларг. КIанта дийцинчух цецбевллачу царна а лиира гIаргIули ган.

Урокаш чекхйевлча шен накъостий эцна цIавахара Мухьаммад. Барашна хьалха ваьлла, тIехьа керта воьдучу цунна гира, гIаргIулин чохь Iен меттиг кечйеш воллу шен деда. Мел хаза хийтира цунна. Берийн гIоьнца дедас чекхйаьккхира йан йолийна кIара. ХIинца гIаргIулин цхьа а кхерам боцуш, паргIат Iойла дара. Дедас Мухьаммадна тIедиллира, цуьнан терго йар. Бераш циггехь шайлахь барт беш рагI йиллира иза Iалаш йан.

Дешаран шо чекхдала герга дара. Церан мукъа хан а йара тIекхочуш. Йехачу аьхкано дукха лерина Iалаш йеш лелийра бераша гIаргIули. Царна сих-сиха хаалора, цуьнан кIари тIехула хьийзаш кхин а цхьаъ. Де дийне мел долу дегIе гIора-ницкъ богIура цунна.

Бераш хьевдда-девдда хьийззашехь берийн мукъа хан чаккхенга лестира. Керланиш бедарш, дешаран гIирсаш оьцуш самукъане хьийзаш дешархой а бара.

ТIекхечира товбецан бутт.  Бераш кхоалгIачу классе девлира.

Цу дийнахь арахь къегина хьаьжначу малхо цхьа шатайпа доккхура берийн самукъа. ШолгIачу урокан хан тIекхечира. Иза йара гонахьара Iалам довзийтаран урок.

Малика Алхамадовнас элира: «Бераш, вайн таханлера вешан урок, Iаламехь гуьйренца хуьлуш болчу хийцамин тидамаш беш, арахь дIахьур йу». Берашна чIогIа тайра цу тайпа урокан кеп. Дукха лерина ладоьгIура бераша шайн хьехархочуьнга. Шен дийцарехь Малика Алхамадовнас царна довзийтира Iаламехь хилла хийцамаш а, кхин дуккха а хаарш...

Урок чекхйелира. Мухьаммад вара школин гена воцуш вехаш. ЦIеххьана дIахьажвеллачу цунна гира, шайн кертан тIехула хьийзаш йоккха гIаргIули. Иза йара цхьа тамашийна, даккхий гуонаш дохуш, тIехула хьийзаш. КIентан са хьаьвзира. Цунна лиира, сихха цIа вахна шен гIаргули ган. Ведда дIавахара кIант, шен ког ма боллу. ЦIа кхаьчначу цунна гира, кIари чохь цхьа бIаьрзе гIаргIули йетталуш. ТIехула хьийзаш йара кхин цхьаъ. Цара йаьккхинчу гIовгIанах цец вуьйлуш тидамаш дечу Мухьаммадна гира, дикка генахь стигал кхийдаш йоьду  гIаргIулин жут. Мухьаммад кхийтира церан леларх. Хьехархочо дийцинера царна гIаргIулин дахарх лаьцна. 

Мухьаммада тIе а вахна, кIари неI йиллина, кера ийцира шен дагна дукха йезна гIаргIули. Хеталора, цуьнан кийрара дог араоьккхуш санна. КIанта чIогIа мара къевлира иза. ТIехула хьийзачу гIаргIулин мохь а бара чIогIа буьйлуш. КIентан дагна и деригге лан дацара атта, делахь а, шен ши куьг леккха хьала айдеш дIахийцира цуо иза. Хетаделира, кIентан ах са эцна и тIема йолуш санна. Цунна тIаьхьа девдда даьхкина бераш а дара, дIанехьа севцца лаьтташ.

Дада а веара берашна тIе.

– Мухьаммад, адамаш лаьтта тIехь деха, ткъа олхазарийн аре – стигал йу, цундела уьш вайх дIакъаста йезаш нисло, – элира дадас.

Амма, Мухьаммадан жимчу дагна а дар-кх, къастар лан хала. Цо дедех  лечкъадора шен бIаьрхиш...

Мамакаева Румиса

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1