Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Нохчийн меттан йешаран урок. ШолгIа класс. Класса чу йелира Малика Алхамадовна. Бераш де дика дина девлча, цуо теллира урокана бина кечам. Цуьнан дешархой бара цхьаъ санна, массо дика кхеташ а, доьшуш а.

ДIайолайелира урок. Книгин ткъе шолгIа, «Нана» цIе йолу дийцар тIехь долу агIо схьайиллира. Хьехархочо дIадийшира дийцар...

Бераш тийналлехь ла доьгIуш Iара. Малика Алхамадовна дийцар дешна йаьлла дIасахьаьжча цунна гира, коран йуххерчу могIарехь, тIаьххьарчу меттехь хиъна Iаш волу Сулиман, хих буьзна шен ши бIаьрг берех лечкъош. Хьехархо цунна тIейахара. КIанте ца дира цо хеттарш. Меллаша, шен ховха куьг коьртах хьокхуш, хьаьстира. Ткъа бераш дара, лерина церан тидам беш.

Сулиманан нана йара, дукха хан йоцуш, некъах сехьайолуш тIе машен тоьхна лазийна, дарбанан цIийнехь Iуьллуш. Берашна хууш дара иза. Царна гуора, кIант школера ваьлча, кхин долу бераш самукъане ловзуш, уьдучу хенахь, берийн бешара шен жимах йолу йиша схьа а оьций, цуьнан куьг лоций, нана йолчу воьдуш.

Амма, шаьш бераш хиларна, цо шен жимчу дагчохь хьулбина лазам, ца хаалора. Дешаран хан чекхйаьлча, бераш Iодика йеш цIа даха арадевлира.  Сулиман тахана къаьсттина гIайгIане вара. Бераш а бинера цуьнан тидам.  Вукху дийнахь, кIант школе веара, жимма тIаьхьа а висна.

– Де дика хуьлда, Малика Алхамадовна, охьахаа мегар дуй со, – олуш чу ваьллачу кIантана гира, хIора беран хьалха, парти тIехь охьайехкина цхьацца хIуманаш.

Шена гучух ца кхеташ дIасахьаьжира кIант.  Малика Алхамадовнас элира:

 – Сулиман, марша вогIийла. ХIорш беригге а хьо чу вогIу ларвеш бара. Кху чохь долу бераш хьан йиш-ваша ду хьуна, ткъа со, хьан шолгIа нана йу. Дешархоша хьо лоруш, шайгара жимма хазахетар дина хьуна. Бераш ду-кх, тахана, нана йолчу хьо воьдуш, иза ган дахка лууш. Ахь пурба лахь, аса кхочуш бийр бу кхеран лаам.

Сулиман дикка ца кхетара, пурба лахь бохучу дешан маьIнех, амма, цуьнан иэсехь дара, Дадас, мархийн сахь доккхуш «Ахь пурба делан», олуш луш долу хаттар. Иза дагадеана, «Дели», элира кIанта. Самукъане гIовгIанца арадевлира бераш, урокаш чекх йевлча, классан чуьра. ХIинццалц, гIайгIане, сингаттаме нанна йолчу бина некъ, тахана бара, цхьа шатайпа самукъане а, боца а...

Лоьре а хаьттина чу дигира хьехархочо бераш. Массарел халха ваьлла вара, Сулиман. Хеталора, кхин цхьа а хазхетар оьшуш дац, жимачу кIентан дахар ирсе дан.

НеI херйина, меттахь Iуьллучу ненах бIаьрг тохийтина, Малика Алхамадовнас арадехира бераш. Амма, цIехьа доьлхучу царах цхьанна а ца хаьара, Сулиманан доьхна дог шаьш меллалц хьаьстина. КIантана хиира, шен дуккха а накъостий буйла, ша цхьаъ воцийла. Цу дийно йитира жимачу Сулиманан дахарехь йовр йоцу лар...

Мамакаева Румиса

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1