МУКЪАЧУ А, МУКЪАЗЧУ А ЭЛПИЙН НИЙСАЙАЗДАР
- § 1. Йукъарчу цӀерашкахь [й] аз «й» элпаца билгалдо («я», «ю», «яь», «юь» элпаш ца йаздеш).
Масала:
йаздан (дӀайаздан);
йало;
йалх;
йалхитта;
йамарта;
йаьлла;
йаьӀна;
йаьшка;
йемалйан;
йеха;
йеша;
йига;
йир;
йист;
йоьжна;
йоьтти;
йоьхна;
йузу;
йукъарйаьккхина;
йоза;
йоха;
йохка;
йурт;
йуьззина;
йуьртахь;
йуьхьиг;
совйала
шекйала.
Билгалдаккхар.
- 1. Оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тӀеэцначу дешнашкахь «я», «ю», «ё» («е») элпаш йаздо.
Масала: компьютер, статья, евро, альянс, фортепьяно, конъюнктив, адъютант, интервью, волонтёр, партнёр, шахтёр
- 2. Долахь цӀерашкахь «я», «ю», «ё» («е») элпаш йаздо:
Масала:
Яха, Яхийта, Ялийта, Якъуб, Яковлев, Явус, Ялхой-Мохк
Юнус, Юсуп, Юлий (Цезарь), Юрмала
Европа, Елена, Емалхан
Пётр, Фёдор.
- § 2. Оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тӀеэцначу дешнашкахь а, долахь цӀердешнашкахь а «щ», «ь», «ы», «ф» элпаш йаздо.
Масала: Щорс, Салтыков-Щедрин;
июль, Н.В.Гоголь, пьеса, председатель, секретарь;
шашлык, тыл, убыхаш;
фонетика, инфикс, постфикс, интерфикс, картограф, кафе, кафедра;
кинофестиваль, фонема, морфологи, офис, файл, фирма.
Амма оьрсийн «родийн» чаккхенаш «я», «е» вайн маттахь ца йазйо.
Масала: конференци, морфологи, орфографи, этнографи, философи, автобиографи, коммерци, композици, лабиализаци, лаборатори, лекци, мероприяти, монографи.
- § 3. Йеха а, йоца а дифтонгаш «иэ», «уо» йазйан магадо.
Масала:
иэца – эца;
диэша – деша;
къиэста – къеста;
дуьниэ – дуьне;
уоза – оза;
луо – ло;
иэс – эс;
дуо – до;
лиэла – лела;
пиэс – пес;
гуо – го;
зиэн – зен;
тиэн – тен.
- § 4. Мукъа аьзнаш [и], [уь] деха хилар гойтуш, царна тӀехьа «й» элп йаздо.
Масала: динахь – дийнахь, дуьлу – дуьйлу, йуьлу – йуьйлу (хьалхарчу дешнашкахь (динахь, дуьлу, йуьлу) мукъа аьзнаш деха дац, цундела «й» элп ца йаздина, ткъа шолгӀачу дешнашкахь (дийнахь, дуьйлу, йуьйлу) [и], [уь] деха ду, цундела «й» элп йаздина).
Билгалдаккхар. МаьӀна чӀагӀдеш, мукъаза элп шалхадолуш хилча а йаздо «й» элп.
Масала: нийса – нийсса, гӀийла – гӀийлла, дийнахь – дийннахьехь, Ӏуьйранна – Ӏуьйрре, дийна – дийнна.
Кхидолчу мукъачу аьзнийн дохалла куьйгайозанехь а, зорбанехь а (тароне хьаьжжина) тӀехула сиз хьакхарца билгалдаккха магадо.
Масала: цунах вēша – луо̄ деша, гӀалат да̄ла – совгӀат дала, дукха ва̄ха – ге̄на ваха, мекха баккха – ме̄кха ла̄ца, шийла догӀа – неӀаран до̄гӀа.
- § 5. Мукъазий, мукъий аьзнаш вовшахъуьйш ца хилахь, царна йуккъе къасторан хьаьрк ъ йаздо.
Масала: тӀехъиккхина, дайъина, ойъу, синъоьздангалла.
Билгалдаккхар. Адамийн долахь цӀерашкахь къасторан хьаьрк ца йаздо: Яхья, Бекхан.
- § 6. Дашна хьалха йа мукъачу элпана тӀехьа [э] аз «э» элпаца билгалдо, мукъазчу элпана тӀехьа «е» элпаца билгалдо.
Масала:
элира – йелира;
дӀаэлира – дӀайелира;
дӀаэн – кӀеда;
эсала – шера;
схьаэца – меда;
дӀаэккха – Ӏема.
- § 7. Шеконца «оьв», «ой», «эв» хезачохь дешан йуьххьехь «эв» йаздо: эвхьаза, эвла, эвсаре;
«І» йа «хь» элпашна тӀехьа «аьв» йаздо: хьаьвда, бӀаьвнаш, нӀаьвла, Ӏаьвши;
кхидолчу мукъазчу элпашна тӀехьа «ев» йаздо: девзиг, вевза, кевнаш, йевдда, къевлина
- § 8. Барта къамелехь дашна хьалха «с», «т», «ст» шеконца хезачохь (диалекташкахь йа «с», йа «т» бен ца олучохь) литературин (йозанан) маттахь «ст» йаздо: стом, стов, стигал, стол, старгӀа, стелахаьштиг, стим, стаг.
- § 9. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь шала мукъаза элпаш «лл», «сс», «тт» йаздо, нагахь дош хийцича мукъаза аз шалхадалахь. Шалха ца далахь – цхьаъ бен ца йаздо.
Масала:
балл – боллах (о или а) – баьллаш;
хатт – хоттан – хатташ;
дитт – диттах – дитташ;
бутт – батто – беттанаш;
мотт – меттан – матто – меттанаш.
Амма: бал – болах – баьлнаш, бос – басах – беснаш, бат – бетах – батош.
- § 10. Дашехь мукъаза шалха ши элп йух-йуххе нислахь, хьалхарчу элпан шолгӀа хьаьрк ца йаздо, шолгӀа элп дуьззина дӀайаздо.
Масала: [вокхкха] – воккха, [йукъкъе] – йуккъе, [цӀоцӀкъам] – цӀоцкъам, [лачӀкъа] – лачкъа, [могӀгӀара] – моггӀара, [эхӀхӀай] – эххӀай, [бахьхьаш] – баххьаш, [латӀкъам] – латкъам, [даьтӀтӀа] – даьттӀа, [тӀкъа] – ткъа, [цӀкъа] – цкъа.
Билгалдаккхар 1. Чолхечу дешнашкахь йух-йуххехь нисделла шина орамера шалха мукъаза элпаш дуьззина йаздо.
Масала: чекххьажар, йуьхькӀам, йуьхькӀайн.
Билгалдаккхар 2. Нагахь шалха кхо элп йух-йуххе нислахь, хьалхарчу шина элпан тӀетуху хьаьркаш ца йаздо.
Масала: [лечӀкъкъашехь] – лечккъашехь; [Ӏеткъкъалц] – Ӏетккъалц.
- § 11. Доьшуш доцу чаккхенгара «н» элп йаздо:
1) цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн билгалзачу кепехь: дан, дāн, та̄н, ган, ла̄н, лиэ̄н, э̄н, зиэ̄н; тиэ̄н, де̄н;
2) цхьана дешдекъах лаьттачу хандашна хьалха дешхьалхе йа кхин орам хӀуттуш кхолладеллачу хандешнийн билгалзачу кепехь: дӀада̄н, схьадāн, тӀета̄н, схьаган, схьаэн; дуьхьалван;
3) цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешнийн йуьхьанцарчу кепехь: цӀен, дайн (йозаллина), вон, кӀайн, кӀон. Ткъа лач дожаршкахь ца йаздо: цӀечу зезагна, дайчу боларца, кӀайчу кехата тӀехь;
4) доланиг дожаран кепах кхолладеллачу билгалдешнашкахь: лоьрийн духар, дешаран учреждени, литературин мотт, орфографин бакъонаш, нохчийн мотт, шаройн диалект;
5) цхьана дешдекъах лаьттачу карарчуй, йогӀучуй хенийн лаамазчу причастешкахь а: ден гӀуллакх, йен забар, гун сурт, лен нах, ден йалта;
6) царна хьалха дешхьалхе йа кхин орам хӀуттуш кхоллайеллачу причастешкахь а: схьаден гӀуллакх, дӀайен забар, схьагун сурт, дӀаден хӀу;
7) дожаршца хийцалучу дешнийн доланиг дожарехь:
цӀердешнийн: аннийн, берзан, йуьртан, нехан;
лаамечу билгалдешнийн: берзачун, йуьртарчун, нехачун;
лаамечу терахьдешнийн: цхьаннан, шиннан, пхеаннан, бӀенан;
цӀерметдешнийн: сан, цуьнан, хӀораннан, вукхуьнан, цхьаболчеран;
лаамечу причастийн: олучун, аьллачун, молучун, меллачун.
Билгалдаккхар: хан, чан, кан, лан, гӀан, бен, хен, Ӏин, чин, дин, хьун, бун, ан, жин, кхин, пен, ун, цӀун, шун бохучу цӀердешнийн чаккхенгахь дерг шеконан «н» элп а доцуш, къастош дӀадеша дезаш долу дуьззина «н» ду. Дуьззина «н» чаккхенгахь долу дешнаш дагардеш хилахь, и «н» шалхадолу.
Масала: ханний, чанний, канний, гӀанний, динний, бунний.
ЦӀЕРДЕШНИЙН НИЙСАЙАЗДАР
- § 12. Чаккхенгахь «г», «к» элпаш долчу цӀердешнашкахь тӀаьххьарчул хьалхарчу дешдекъехь хезаш «о» йа дифтонгаш «иэ», «уо» йелахь, тӀаьххьарчу дешдекъехь «а» элп йаздо, кхин элпаш делахь, «и» элп йаздо.
Масала: зезаг (зиезаг), бирдолаг (бирдуолаг), лоппаг (луоппаг), тентак (тиентак);
дечиг, тӀийриг, тӀаьрсиг, киртиг, бертиг, дуьхьиг, пӀаьлдиг, уьйриг.
Йукъардаккхар: кийсак, тиймак, пийсак, гийзаг, саьрмак, хьаьрмак, боьлак.
- § 13. Цхьаллин терахьан цӀерниг дожаран чаккхенгахь «л» йа «р» долчу цхьаннал сов дешдекъах лаьттачу цӀердешнийн дукхаллин терахьехь «ш»-на хьалха «а» элп ца йаздо, нагахь дуккхаллин кеп кхуллуш, суффиксал хьалха догӀучу дешдекъера мукъа аз дахлуш дацахь.
Масала:
турпал – турпалш, турпалшна, турпалшка, турпалшца;
векал – векалш, векалшна, векалшка, векалшца;
синтар – синтарш, синтаршна, синтаршка, синтаршца;
тукар – тукарш, тукаршна, тукаршка, тукаршца.
- § 14. Дуккхаллин терахь кхоллалуш, суффиксаний, орамний йукъа «м», «н» хӀуттуш долчу дешнашкахь «-ш»-на хьалха «а» йаздо (дегӀ – догӀ-м-аш, беш – бош-м-аш, йоза – йоза-н-аш, саба – саба-н-аш, лам – лаьм-н-аш);
«ар» хӀуттучу дешнашкахь – ца йаздо (диг – даг-ар-ш, гӀум – гӀам-ар-ш, зӀок – зӀак-ар-ш);
«р» хӀуттучохь – йуьхьанцарчу кепехь цхьаннал сов дешдакъа долчу дешнашкахь ца йаздо (доьхка – доьхка-р-ш, бухка – бухка-р-ш, кохка – кохка-р-ш);
йуьхьанцара кеп цхьана дешдекъах лаьттачу дешнашкахь «-р»-на тӀаьхьа «а» йаздо (цӀе – цӀе-р-аш, шо – ше-р-аш, чӀу – чӀо-р-аш).
Кхидолчу цӀердешнашкахь дуккхаллин терахьехь чаккхенгахь хезаш шеконан «а» делахь, суффикс «-аш» йазйо: сом – соьм-аш, лар – лар-аш, говр – говр-аш, мур – муьр-аш, хир – хир-аш, бер – бер-аш, татол – татол-аш, картол – картол-аш, гӀарол – гӀарол-аш, горгам – горгам-аш, гӀабакх – гӀабакх-аш, гӀан – гӀен-аш, кехат – кехат-аш, лимон – лимон-аш, вагон – вагон-аш, синкъерам – синкъерам-аш.
- § 15. Йуьхьанцарчу кепан чаккхенгахь «и» долчу дешнашкахь дуккхаллин терахьан суффиксехь «ш»-на хьалха «е» йаздо:
причасти – причастеш, студи – студеш, лами – ламеш, предложени – предложенеш, илли – иллеш, чами – чамеш.
- § 16. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь «ъ» долчу цӀердешнийн доланиг дожарехь а, кхечу лач дожаршкахь а «ъ» йаз а ца деш, дожаран чаккхе тӀетуху.
Масала:
меъ – меан;
кхаъ – кхоан;
гаъ – гоан;
хӀоъ – хӀоан;
хӀаваъ – хӀаваан;
маъ – моан ;
Зайнаъ – Зайнаан;
Зураъ – Зураан.
- § 17. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь доца «а» долчу тӀеэцначу дешнашкахь доланиг дожаран чаккхе -ин йазйо («а» дӀа а долуш).
Масала:
республика – республик-ин;
поликлиника – поликлиник-ин;
база – баз-ин;
группа – групп-ин;
доминанта – доминант-ин;
математика – математик-ин;
физика – физик-ин;
политика – политик-ин.
- § 18. Цхьаннал сов дешдакъа а долуш, цӀерниг дожаран чаккхенгахь «и», «у», деха «а» долчу цӀердешнийн доланиг дожарехь чаккхе -н йазйо.
Масала:
чами – чами-н;
рагӀу – рагӀу-н;
иту – иту-н;
алу – алу-н;
бумбари – бумбари-н;
строфа – строфа-н;
графа – графа-н.
Цу бакъонна йукъадоьлху чаккхенгахь -о долу тӀеэцна дешнаш а:
правительство – правительство-н;
министерство – министерство-н;
агентство – агентство-н.
- § 19. ЦӀерниг дожарехь чаккхенгахь мукъаза аз долчу цӀердешнийн доланиг дожарехь чаккхе -ан йазйо.
Масала:
бел – бел-ан;
бос – бес-ан;
стом – стоьм-ан;
колл – кулл-ан;
лам – лом-ан;
гӀан – гӀен-ан;
кан – кен-ан;
воӀ – воӀ-ан;
йоӀ – йоьI-ан;
чан – чен-ан;
потак – потак-ан;
толам – толам-ан;
ницкъ – ницкъ-ан;
гӀуркх – гӀуркх-ан;
чам – чом-ан;
тӀом – тӀем-ан;
ишкол – ишкол-ан;
гӀаларт – гӀаларт-ан;
вагон – вагон-ан.
- § 20. ЦӀерниг дожаран чаккхенгахь «иэ» йа «уо» хезачу цӀердешнашкахь доланиг дожаран чакхе -ан йазйо, шена хьалха йукъахIутту «-н-» а долуш.
Масала:
гуьйре (гуьйриэ) – гуьйре-н-ан;
суьйре (суьйриэ) – суьйре-н-ан;
бӀаьсте (бӀаьстиэ) – бӀаьсте-н-ан;
дуьне (дуьниэ) – дуьне-н-ан;
гӀайре (гӀайриэ) – гӀайре-н-ан;
таро (таруо) – таро-н-ан;
бакъо (бакъуо) – бакъо-н-ан;
харцо (харцуо) – харцо-н-ан;
нийсо (нийсуо) – нийсо-н-ан.
- § 21. Хотталург дожаран чаккхенгахь «-ах» йаздо.
Масала:
бахам – бахам-ах, толам – толам-ах, кечам – кечам-ах, беш – беш-ах, хьолтӀам – хьолтӀам-ах, хьехам – хьехам-ах, сардам – сардам-ах, хьоршам – хьоршам-ах, безам – безам-ах, лаам – лаам-ах, саттам – саттам-ах.
Билгалдаккхар.
- 1. Чаккхенгахь «л» йа «р» долчу цхьаннал сов дешдекъах лаьттачу цӀердешнийн тӀаьххьарчу дешдекъехь доца мукъа аз «а» делахь, хотталург дожарехь чаккхе «-х» йазйо. Масала: тукар – тукар-х, басар – басар-х, тускар – тускар-х, векал – векал-х, хьуьнар – хьуьнар-х, цамгар – цамгар-х, хаттар – хаттар-х, нускал – нускал-х, турмал – турмал-х, москал – москал-х.
- 2. Лач дожаршкахь чаккхенна хьалхарчу дешдекъехь мукъа аз дахлуш делахь, «-ах» тӀекхета.
Масала:
татол – татол-ах, картол – картол-ах, гӀарол – гӀарол-ах.