- Подробности
-
Опубликовано: 24.06.2021 20:06
М. Арсанукаев
БIаьсте тIеян дукха хан ца йисинера. Цуьнан аьхна хIо хаалора самадала гIерташ долчу Iаламехь. Ло дешна дIадаьллера. Ур-атталла малх ца кхетачу цIеноший, дитташий хьулйинчу меттигашкахь а ца гора цуьнан цхьа а Iаьциг.
Денош дахделла доьлхура. Маьлхан йовхо а, де дийне мел долу, алсамйолуш яра. Амма Iаламах а, адамах а дIакъаста ца луучу Iаьно наггахь шен аьрха амал гойтура, цIеххьана ло кхуссий я шийла мох хьовзабой.
Цу Iуьйранна а, жимма мехаца дайн ло а хьовзийна, юха, малх а хьаьжна, хазъелла дIахIоьттира арахь. Хасавюьртахь, базар хIуттучу меттигехь, гулделла дукха адам дара. Цхьаберш шаьш баьхкинера, вуьш, бертаза арабаьхна, схьабалийнера… ГIалагIазкхий, эрмалой, жуьгтий, жIайхой, цхьа кIеззиг нохчий – баккхалшкахь йохк-эцар лелош берш, пхьераш, белхалой, ахархой бара уьш.
Кхарах дIакъаьстина, шайн тоба а йина, юьстахо лаьттара хьоладай: Iедалан гIуллакххой, эпсарш, церан зударий, гІумкийн элий шайн ялхошца, меттигера совдегарш. Уьш сихонца аннех йинчу цхьа метр хиллал йолчу лакхенна шина а агІор бара, ткъа лакхахь дІанисбеллера Іедалан векалш, шайн коьртехь инарла-майор Кемпферт Павел Иванович а волуш.
- Подробности
-
Опубликовано: 18.06.2021 20:40
В республике прошли масштабные мероприятия, приуроченные ко Дню России
Марта Бибулатова
Один из самых «молодых» государственных праздников в нашей стране и в то же время один из самых значимых – это День России. Праздник, который объединяет все народы нашей страны, отмечается в каждом регионе Российской Федерации.
Важность этой даты в том, что она объединяет людей всех поколений и всех национальностей, воспитывая чувство гордости и уважения к своей Родине, её великой истории, государственным символам.