Спорт объединяет

Спорт объединяет

В Грозном прошел Фестиваль по технологичным видам спорта
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»

Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»

Двум обучающимся МБОУ «Гимназия № 12 города Грозного» вручили золотые значки Всероссийского физкультурно-спортивного комплекса «Готов к труду и...
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день

Море гостей, 9 котов, тонна черемши для угощения. Чем еще удивил гостей чеченский IV Гастрономический фестиваль черемши «Хонк-Фест», который с...
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Волшебная сила пера

Волшебная сила пера

В Национальной библиотеке ЧР прошли мероприятия, приуроченные к Всемирному дню писателя
Спорт объединяет
Спорт объединяет
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»
Учащихся столичной гимназии наградили значками «ГТО»
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день
«Хонк-Фест» – жарко даже в холодный день
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Волшебная сила пера
Волшебная сила пера

 Вайн заманахь дуккха халкъаша бицбина шайн мотт, юкъаралла кхоллаяларехь, дIахIоттарехь мехала маьIна лелош берг иза белахь а. Вешан мотт бицбелча, довр ду вайн орамаш. Цу тIе оцу хьоло тIедаладо халкъаш, къаьмнаш хIаллакьхиларна. ТIаьххьарчу шерашкахь вайн республикехь шуьйра билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де. Иза хьакъ ма-дду билгалдаккхарна ницкъаш а, ахчанан таронаш а ца кхоайо Нохчийн Республикин куьйгалло.

Билггал долу гIуллакхаш до меттан маьIна лакхадаккхарна тIехьажийна, гIайгIабо мотт толлуш болчеран, массо а агIор гIо лоцу мотт Iаморан. Шуьйрачу хаамийн гIирсаша а хаъал жигарабаьккхина шайн болх мотт бовзийтаран а, Iаморан а декъехь.

Дуккха а до нохчийн маттах дахарехь буьйцуш болу мотт хилийтарна, ткъа кегийрхошка мотт ма-хуьллу нийса бийцийтарна тIехьажийна. Дуккха а дийца йиш ю оцу декъехь республикехь деш долчух лаьцна. Амма суна масална яло лаьа тIаьххьарчу итт шарахь арайолуш йолу, хьовсархошна нохчийн гIиллакхийн ерриге а хазалла гойтуш йолу къоман Iаламат йоккха «Синмехаллаш» аьлла йолу проект. Нохчийн Республикин куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан ша автор волчу дуьххьалдIа оцу проектах лаьцна дийцира нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арадолуш долчу синмехаллин-серлонан «Исламан зIаьнарш» газетан директора Заурбеков МасIуда.

- Ненан маттахь къамел дар вайн халкъах, цуьнан историх, культурах дIакъасталур доцуш долу дакъа ду. ХIинца шен 12 шо кхочуш долчу оцу дезчу дийно къаьсттина йолу, сийлахь меттиг дIалоцу вайн регионан билгадевллачу денойн рузми тIехь а, хиламашк ахь а. Вай боккха тидам тIебохуьйту кегийрхой син-оьздангаллин ойланехь кхетошкхиорна, къоман культура чIагIъярна, кхиорна. ХIора шарахь республикехь дIахьо ненан мотт Iалашбарна тIехьажийна йолу бIеннаш конкурсаш, фестивалаш, форумаш, хIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан сийлахь билгало хила дIахIоьттина хиларна, - билгалдоккху Заурбековс.

Тахана ненан мотт Iаморна цхьа а тайпа дуьхьалонаш яц олий хеталора, нагахь вайна цу тIехь тIеIитталуш бевзаш боцу цхьацца хиламаш бацахьара. Халахеташ делахь а телевиденехь, радиохь къамелаш дечу хенахь ур-аттал интеллигенцин векалша а оьрсийн-нохчийн эбелла мотт буьйцу. Дуккха а кхиберш санна, кхечу халкъийн, къаьмнийн меттанаш вай долчохь Iаморехьа ву со.

КIорггера лоруш бу ас вайна дуьненан Iилмане, литературе, культуре, искусстве некъ схьабиллина болу оьрсийн мотт. Амма хIора хIуманан шен-шен меттиг хила беза. Нохчийн меттан денна тIекхочуш республикин дешаран учрежденешкахь дуккха а гIуллакхаш дIахьо дешархойн нохчийн мотт Iамо долу хьашт лакхадаккхарна тIехьажийна. Дезчу денна кечамбарна а, иза дIадахьарна лерина а оргкомитет кхоьллира Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствос. Дан леринчу гIуллакхийн план а хIоттийна. Юкъарадешаран, лаккхарчу, юккъарчу корматаллин дешаран заведенешкахь, библиотекашкахь, культурин цIеношкахь вовшахтоьхна нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна, Iаморна йоккха хазна юкъайиллина болчу яздархошца, Iилманчашца, культурин а, искусствон а деятельшца, журналисташца цхьаьнак хетарш. Регионан школашкахь классийн куьйгалхоша а, нохчийн меттан хьехархоша а берашна хьалха къамелаш до хIокху темашна: «ТIекхуьуш долу чкъор синоьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорехь нохчийн меттан маьIна», «Сан Даймохк», «Мотт бу -къам ду, мотт бац-къам дац». Классийн сохьташ а, къамелаш дар а дIахьочу хенахь ешна Даймахках, нохчийн маттах лаьцна йолу стихаш, йовзийтина вайн халк ъан син-оьздангаллин мехаллаш, билгалйоккхура нохчийн меттан хазалла, цуьнан хьал долуш хилар. Школийн библиотекашкахь дIабаьхьира «Нохчийн къоман яздархой» аьлла болу книгийн гайтамаш. Дешархоша йийцарейира нохчийн поэтийн Саидов Билалан, Арсанукаев Шайхин, Айдамиров Абузаран, кхечеран стихаш. Нохчийн меттан урокашкахь дIаяьхьира «Езаш йолчу произведенийн агIонашкахула» аьлла нохчийн яздархойн произведенешкахула дехкинчу суртийн конкурс. Даймахке болу безам, баккхийчаьрга болу ларам, къоман ламасташ, гIиллакхаш довзар – и дерриге а гайтина бераша шаьш дехкинчу сурташкахь. Нохчийн меттанбеттанаш, предметийн кIирнаш дIахьочу хенахь хилира нохчийн маттехула а, литературехула а йолу схьайиллина урокаш, «Хаарийн бIов» викторинаш, арахийцира

«Ненан мотт - сан дозалла» аьлла долу пенан газеташ, хIиттийра литературно-музыкальни композицеш. Дешархошна юкъахь дIаяьхьира республиках, маттах, нохчийн халкъан гIиллакхех, ламастех лаьцна йолчу сочиненийн, пенан газетийн, стихийн конкурсаш.

Узуналова Карина

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1

Официальные ресурсы

Глава Чеченской Республики

 

Парламент Чеченской Республики

 

Министерство Чеченской Республики по национальной политике, внешним связям, печати и информации

 

Битва роботов