Выставка юной художницы

Выставка юной художницы

В Национальной библиотеке ЧР им. А. А. Айдамирова состоялась первая персональная выставка студентки Грозненского государственного нефтяного...
Лучшие из лучших

Лучшие из лучших

В Грозном прошел конкурс на знание биографии Пророка Мухаммада (да благословит его Аллах и приветствует)
Интеллектуальные итоги

Интеллектуальные итоги

В Национальной библиотеке прошло награждение участников чемпионата Чеченской Республики по классическим шахматам
Движению «Турпалхой» исполнилось семь лет

Движению «Турпалхой» исполнилось семь лет

Республиканское общественное движение «Турпалхой» было запущено в феврале 2017 года. Оно занимается воспитанием молодежи, прививая им любовь и...
Автомобили от Главы региона

Автомобили от Главы региона

Региональный общественный фонд имени Героя России Ахмата-Хаджи Кадырова вручил представителям духовенства ЧР 309 автомобилей LADA Granta. Служебный...
Подводя итоги года

Подводя итоги года

В Грозном в торжественной обстановке подвели итоги Года педагога и наставника и объявили о его закрытии, наградив лучших представителей образования...
Выставка юной художницы
Выставка юной художницы
Лучшие из лучших
Лучшие из лучших
Интеллектуальные итоги
Интеллектуальные итоги
Движению «Турпалхой» исполнилось семь лет
Движению «Турпалхой» исполнилось семь лет
Автомобили от Главы региона
Автомобили от Главы региона
Подводя итоги года
Подводя итоги года

3-гIа класс.

Iалашо: цIердешнаш терахьашца хийцадаларх болу хаамаш шорбар, цхьаллин терахь а, дукхаллин терахь долу цIердешнийн маьIна довзийтар;

Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.

 

Урокана оьшу гIирс: цIердешнийн терахьшца хийцадаларх лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.

                              

Йукъара дешаран ардам (УУД):

 

Предметни: дешархошна Iемар ду цIердешнийн терахьаш цхьаллин терахь а, дукхаллин терахь а, уьш хIитто а, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх-оьздангалла Iама.

 

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

 

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукха вехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера 226-гIа шардар.

– Муха кхочуш дира аш и шардар?

– Оха цкъа хьалха мила? хаттарна жоп луш долу цIердешнаш схьайаздира, тIаккха хIун хаттарна жоп луш долу цIердешнаш схьайаздийра.

– Муьлханиш дар мила? хаттарна жоп луш дерш?

– «Муса» боху дош дара.

– Муьлхачу цIердешнашна хIоттадо вай мила? муьлш? боху хаттар?

– Адамаш билгалдечу цIердешнашна хIоттадо вай.

– Муьлхачу цIердешнашна хIоттадо вай хIун?

– Дерриге а вукха дешнашна хIоттадо вай хIун? хаттар.

– Муха кIант хета шуна Муса?

– Дика кIант хета.

– ХIунда хета шуна Муса дика кIант?

– Цо болх беш, бабина гIо до.

– Нийса боха болх бан беза, баккхийчарна гIо дан деза.

 (Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

 

Тобанашкахь болх

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.

1-ра тоба:

КIан…

ГIан…

Бе…

2-гIа тоба:

ГIайб…

Тепта…

Къола…

3-гIа тоба:

ЦIо…

БIо…

Ла…

4-гIа тоба:

Шу…

Iай…

МIар…

– ДIадеша аш йаздина дешнаш.

– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

– Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

– Уьш цIердешнаш ду.

– Шуна муха хиира уьш цIердешнаш дуй?

– Хатаршца хиира.

– Аш муьлха хаттарш хIиттира?

– Мила? хIун хаттарш хIиттира оха.

– Муьлхачу цIердешнашна хIоттадо вай мила? муьлш? боху хаттар?

– Адамаш билгалдечу цIердешнашна хIоттадо вай.

– Муьлхачу цIердешнашна хIоттадо вай хIун?

– Дерриге а вукха дешнашна хIоттадо вай хIун? хаттар.

–  ХIинца дIайаздо вай терахь , классера болх.

 

III. ЦIенайаздаран минот

ТIекхечи дIавуьжу хан,

Гур ду суна хаза … (гIан)

Со ву гIиллакх долуш кIант,

Хьешана ас дуьллу … (гIант)

Кертахь хеза гIоргIа аз,

Йекаш йерг йу йоккха … (гIаз)

– ГIан, гIант, гIаз бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

 ГI гI

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъаза ду?

– ХIунда ду и мукъаза?

– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.

– Кхин муха ду и?

– Шалха ду.

– ХIунда ду и шалха?

– Шина хьаьрках лаьтташ долу дела.

– Муьлхачу шина хьаьрках лаьтташ ду и?

– «Г, I» лаьтташ ду.

(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо.)

 

lV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар         

Хьехархочо дешархошка интерактивни уьн тIехь дIагойту суьрташ.

Дийцар –дийцарш

Некъ-некъаш

Шича-шичой

– ДIадеша дешнаш, хIун башхал йу хьалхарчу а, шолгIачу а дешнийн?

– Халхарчу дешнаша цхьа хIума хилар гойту, ткъа шолгIачу дешнаша массийта хIума хилар гойту?

– Нийса боху.

– ХIинца хIун го шуна?

– Тхуна хи.

– «Хи» бохучу дашо маса хIума билгал йо?

– Цхьа хIума билгалйо.

– ХIинца хIун го шуна?

– ХIинца тхуна го хиш.

– «Хиш» бохучу дашо маса хIума билгалйо?

 – Шиъ йа цул сов билгал йо…

– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Тахана вай урокан тема йу «ЦIердешнийн дожаршца хийцадалар».

– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «ЦIердешнийн дожаршца хийцадалар».

  1. V. Керла тема хьехар

1) бакъо таллар

– ДIайеша 116-гIа агIон тIера бакъо.

– ЦIердешнаш маса тайпана хуьлу?

– ЦIердешнаш хуьлу цхьаллин а, дуккхаллин а терахьехь.

– ХIун башхалла йу цхьаллин терахьерчу а, дуккхаллин терахьерчу а цIердешнашна йукъахь?

– Цхьаллин терахьехь долчу цIердашо цхьа хIума билгалйо, дуккхаллин терахьехь долчу цIердашо шиъ а, цул сов а хIуманаш билгалйо.

– Даладе масалш.

– Нана-наной, да-дай, кIант-кIентий…

–Дуккхаллин терахьера  цIердешнийн  чеккхенаш муьлханаш йу?

– «-й, -ш, -аш».

– Даладе масалш.

– Дешархо-й, олхазар-ш, мехк-аш

 

  1. 2. ЦIердешнийн терахьашца хийцадаларх тидам бар

– ДIадеша 236-гIа шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– Цхьаллин терахь а, дукхаллин терахь а долу цIердешнаш билгалдаха деза.

– Муьлханаш ду цхьаллин терахьехь дерш?

– ТIам, гуьйре, хьоза, къам, кетар.

– Муьлханаш ду дукхаллин терахьехь дерш?

– Майданаш, дийцарш, кхораш, некъаш, шичой, наной, мархаш…

– ЦIердешнаш маса тайпана хуьлу?

– ЦIердешнаш хуьлу цхьаллин а, дуккхаллин а терахьехь.

– ХIун башхалла йу цхьаллин а, дуккхаллин терахьерчу цIердешнашна йукъахь?

– Цхьаллин терахьехь долчу цIердашо цхьа хIума билгалйо, дуккхаллин терахьехь долчу  цIердашо шиъ а, цул сов а хIуманаш билгалйо.

Дуккхаллин терахьера цIердешнийн чеккхенаш муьлханарш йу?

– «-й, -ш, -аш».

– Даладе масалш.

(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо)

  1. VI. СадаIаран минот

КIорнеш

КIорнеш, кIорнеш – можа кIорнеш,

Кегий, горга, хаза овгалш,

Нанна тIаьхьахIиттина

Ков-керт мел йу даьржина:

Ког-мIара а хьоькхуш байн

Йуург-мерг йу лоьхуш дай.

Даккхий тIемаш даржийна,

КIорнешна тIе бIаьрг боьгIна,

Лакха стиглахь куьйра хьийза,

Ловчкъа дIа, шу кхин ма цIийза!

КIорнеш, кIорнеш, довдалаш,

ТIемаш кIел дIаловчкъалаш!

Шух катоха куьйра гIерта,

ДогIур дац и дийцарх берта.

Къуьрдиг-нана кхойкху хезна,

Кегий кIорнеш, синош дезна,

Хьаьвди-девди нана йолчу;

Шайна дала орца долчу.

(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна)

 

VII. Iамийнарг тIечIагIда

а. Тобанашкахь болх

Мила ву тидаме.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. Цхьаллин терахьера цIердешнаш, дукхаллин терахье дохуш дIайаздийр шайн тобанера цIердешнаш.

1-ра тоба:

КIант-кIентий

Да-дай

Нана-наной

2-гIа тоба:

ГIа-гIаш

Дитт-дитташ

Лам-лаьмнаш

3-гIа тоба:

Дийцар-дийцарш

Дешархо-дешархой

Олхазар-олхазарш

4-гIа тоба:

Хи-хиш

Аре-аренаш

Некъ-некъаш

– ХIора тхьамдано шаьш девлча, шайн тобано йаздина дукхаллин терахьера цIердешнаш схьадийца.

– Муьлха цIердешнаш йазди аш?

– ЦIердешнаш маса тайпанара хуьлу?

– ЦIердешнаш хуьлу цхьаллин а, дуккхаллин а терахьехь.

– ХIун башхалла йу цхьаллин терахьерчу а, дуккхаллин терахьерчу а цIердешнашна йукъахь?

– Цхьаллин терахьехь долчу цIердашо цхьа хIума билгалйо, дуккхаллин терахьехь долчу цIердашо шиъ а, цул сов а хIуманаш билгалйо.

Дуккхаллин терахьера цIердешнийн чеккхенаш муьлханарш йу?

– «-й, -ш, -аш».

аь) Шаьш бен болх

– ДIадеша 239-гIа шардар.

– И шардар муха кхочуш дан деза?

– Билгалдаьхна цIердешнаш муьлхачу терахьех ду билгал даккха дезаш ду, цIердешнаш малх, дог дукхаллин терахье даха дезаш ду.

– Нийса боху, хIинца шайн тептарш тIе дIайазде шардар.

VIII. Рефлекси

– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?

– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

IХ. Урокан жамI дар

– ЦIердешнаш маса тайпанара хуьлу?

– ЦIердешнаш хуьлу цхьаллин а, дуккхаллин а терахьехь.

– ХIун башхалла йу цхьаллин а, дуккхаллин а терахьерчу цIердешнашна йукъахь?

–Цхьаллин терахьехь долчу цIердашо цхьа хIума билгалйо, дуккхаллин терахьехь долчу цIердашо шиъ а, цул сов а хIуманаш билгалйо.

Дуккхаллин терахьера цIердешнийн чеккхенаш муьлханаш йу?

– «-й, -ш, -аш».

– Даладе масалш.

Х. ЦIахь бен болх

240-гIа шардар, агIо 118.

Дешнаш дIадеша, цIердешнийн терахьаш къастаде.

Зайтемиров Сайдик

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1