2-гIа класс
Урокан цIе:
Изложени «Шира зама»
Iалашо: дозуш долу къамел кхиор; предложенеш нийса хIитто а, йазйан а Iамор; пунктационни бакъонаш ларйар; нохчийн гIиллакхашка безам кхиор.
Урок дIайахьар
- I. Маршалла хаттар
- II. Урокан керла коьчал йовзийтар
Бераш, тахана вай йазйийр йу изложени «Шира зама».
– Хьан эр дара «Шира зама» бохург хIун ду?
– Шира муьлха гIиллакхаш девза шуна?
– Хьан дуьйцуш хезна шуна уьш?
– Бабас дуьйцуш хезна тхуна.
III. Изложенин текст йешар
«Шира зама»
- IV. Изложенин текстан план хIоттор
- 1. Ширачу заманахь.
- 2. БIаьвнаш чохь Iаш хилла.
- 3. Хаамаш беш хилла.
- 4. ЦIе латош хилла.
- 5. МостагI вогIуш вуй хууш хилла.
- V. СадаIаран минот
Нехан хIусаме воьдуш ахь,
ХIей, нах, алий тоха мохь,
Йа когашца вота тоха,
Йа ца йогIу йовхарш тоха.
Аболханов Хьаким
- VI. Ца кхеташ долчу дешнаш тIехь болх бар
Vll. Йуха а текст йешар
«Шира зама»
Vlll. Изложени йазйар
«Шира зама»
Ширачу заманахь вайн нах бIаьвнаш чохь Iаш хилла. Лаьмнашкахь бехачу цара цхьацца хаамаш беш хилла вовшашка. МостагI гучуваьлча, бIаьвнаш буьххьехь гIаролхочо цIе латош хилла. КIур гича, ламанхошна мостагI вогIуш вуй хууш хилла.
IХ. Рефлекси
Суна атта хеттарг…
Суна хала хеттарг…
Суна хиира…
Х. Урокан жамI дар
– Стенах лаьцна йара вай тахана йазйина изложени?
– Ширачу заманах лаьцна йара?
ХI. ЦIахь бан болх
Iамийна бакъонаш карлайаха.
2-гIа класс
Нохчийн мотт
Урокан цIе:
Талламан болх «Бешахь»
Iалашо: Iамийнарг тIечIагIдар; балхе безам кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна хуур ду Iамийначу орфограммашна догIу дешнаш каро; Iамийначу бакъонех пайда а оьцуш, уьш нийса дIайаздан.
Метапредметни
Регулятивни: хуур ду шайн белхан шаьш мах хадо, кхачамбацарш каро, уьш дIататта.
Коммуникативни: Iемар ду шайга дуьйцучуьнга ладогIа, пайдаэца.
ХIума довзаран: Iемар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлайар, тидамбар.
Личностни: дика деша лаам кхоллар.
Урок дIаяхьар
- I. Урокан кечам бар
- II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
III. Ойла тIейерзор
- IV. Керла тема хьехар
- 1. Хьехархочун дош.
- 2. Талламан болх бовзийтар.
3.Талламан болх дIайазбайтар.
Бешахь
Тахана бераш беша дахара. Цаьрца хьехархо а йу. Бешана йуьххьехь ду бешахочун цIа. Бешахочун цIенна йуххехь кхор бу. Цунна дуьхьал ду жима кор. Дика хьожу бешахо дитташка.
- V. ТIедиллар
1-чу предложенера коьрта меженеш къастайе.
- VI. ЖамI дар
–Тахана урокехь хIун дира вай?
– Стенах лаьцна йара иза?
VII. Рефлекси
– ХIун кхиамаш бехи аша?
VIII. ЦIахь бан болх балар: Iамийнарг карладаккхар.
Нохчийн мотт
2 класс
Урокан цIе:
Сочинени «Iа»
Iалашо: Iамийнарг тIечIагIдар; Iаламе безам кхиор; нийса ойла йан а, йазйан а Iамор; гIиллакх-оьздангаллица дешархой кхетош-кхиор.
Урок дIаяхьар
- 1. Маршалла хаттар
- 2. Iалашо йовзийтар
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Денош доца, буьйсанаш йеха,
Лергаш зийзош, куьйгаш дегош,
Самукъадаьлла ловзу бераш,
Алал, йуьйцург хIун хан йу?
(Iа)
– Бераш, стенах лаьцна дуьйцу хIетал-метал тIехь?
– Iаьнах.
– Бераш, вай тахана хIун тема йу аьлла хетта шуна?
– Iаьнах лаьцна.
– Нийса боху таха вайн урокан тема йу: Сочинени «Iа».
- 4. Керла тема хьехар
- 1. Хьехархочун дош.
- 2. Сочинени «Iа» йовзийтар.
– Муха хуьла Iай?
– Iай хIун хийцамаш хуьлу?
- 3. Сочинени «Iа» йазйар.
- 4. План хIоттор:
- 1. Iа тIекхачар.
- 2. Денош доца.
- 3. Буьйсанаш йеха.
- 4. Берийн самукъадалар.
- 5. Лайн-Баба йар.
- 6. Ахьмад охьакхетар.
- 7. Цунна Iелас гIо дар.
- 5. ЖамI дар
– Тахана урокехь хIун дира вай?
– Стенах лаьцна йара иза?
- 6. Рефлекси
– ХIун кхиамаш бехи аша?
- 7. ЦIахь бан болх балар: Iамийнарг карладаккхар.
2-гIа класс
Нохчийн мотт
Урокан цIе:
Талламан болх «Трактор».
Iалашо: Iамийнарг тIечIагIдар; технике безам кхиор; гIиллакх-оьздангаллех кхетош Iамор.
Урок дIайахьар
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна хуур ду Iамийначу орфограммашна догIу дешнаш каро; Iамийначу бакъонех пайда а оьцуш, уьш нийса дIайаздан.
Метапредметни
Регулятивни: хуур ду шайн белхан шаьш мах хадо, кхачамбацарш каро, уьш дIататта.
Коммуникативни: Iемар ду шайга дуьйцучуьнга ладогIа, пайдаэца.
ХIума довзар: Iемар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлайар, тидамбар.
Личностни: дика деша лаам кхоллар.
- I. Урокан кечам бар
- II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар
III. Ойла тIейерзор
- IV. Керла тема хьехар
- 1. Хьехархочун дош.
- 2. Талламан болх бовзийтар.
- 3. Талламан болх дIайазбайтар.
«Трактор»
Тракторца латта оху. Йуьхкаш бухайохуш, йалта ден майда шарйо. Йуьртабахаман хьелашкахь оьшуш йу трактор. Белхаш беш аьттонаш бо цо. Масийтта стага бан беза болх цхьана тракторо бо.
- V. ТIедиллар
4-чу предложенера коьрта меженеш къастайе.
- VI. ЖамI дар
– Тахана урокехь хIун дира вай?
– Стенах лаьцна йара иза?
– Тракторо муха болх бо?
VII. Рефлекси.
– ХIун кхиамаш бехи аш?
– ХIун халахийтира шуна?
3-гIа класс
Нохчийн мотт
Урокан цIе:
Талламан болх «ЦIахь урокаш йар».
Iалашо: Iамийнарг тIечIагIдар; дешаре безам кхиор; гIиллакх-оьздангаллица кхетош Iамор.
Урок дIайахьар
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна хуур ду Iамийначу орфограммашна догIу дешнаш каро; Iамийначу бакъонех пайда а оьцуш, уьш нийса дIайаздан.
Метапредметни
Регулятивни: хуур ду шайн белхан шаьш мах хадо, кхачамбацарш каро, уьш дIататта.
Коммуникативни: Iемар ду шайга дуьйцучуьнга ладогIа, пайдаэца.
ХIума довзар: Iемар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлайар, тидамбар.
Личностни: дика деша лаам кхоллар.
- I. Маршалла хаттар
- II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар
III. Ойла тIейерзор
- IV. Керла тема хьехар.
- 1. Хьехархочун дош.
- 2. Талламан болх бовзийтар.
Текст йешар.
- 3. Халчу дешнех кхето.
- 4. Талламан болх дIайазбайтар.
«ЦIахь урокаш йар»
ЦIахь урокаш йар тIаьхьа ца тоьтту ас. Сан лелош раж йу. Ас иза талха ца йо. Цундела сан ловза а, садаIа а, урокаш йан а хан хуьлу. ХIораммо а лело йеза раж. Раж лелоро низам Iалашдан Iамаво.
- V. ТIедиллар
1-чу предложенера коьрта меженеш къастайе.
- VI. ЖамI дар
– Тахана урокехь хIун дира вай?
– Стенах лаьцна йара иза?
VII. Рефлекси
– ХIун кхиамаш бехи аша?
– ХIун халахийтира шуна?
Суна атта хеттарг…
Суна хала хеттарг…
Суна хиира…
Нохчийн литература
Тест 11 класс
- 1. Стихашкахь йазйинчу произведенех олу?
а) баллада;
аь) роман;
б) поэма; +
в) повесть.
- 2. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин киншкин автор ву?
а) Эдилов Х.;
аь) Ахматова Р.;
б) Супаев Р.;
в) Ахмадов М. +
- 3. Лоьран корматалла йолуш хилла йаздархо, поэт ву?
а) Гадаев М-С.;
аь) Хасбулатов Я.;
б) Сулаев М.;+
в) Абдулаев Л.
- 4. Мила ву хIокху могIанийн автор?
Iаьржа буьйса! Буьрса буьйса!
Дарцо левси къийсайо.
а) Мамакаев М.;
аь) Сулейманов А.;+
б) Мамакаев I.;
в) Саидов Б.
- 5. Маца, вина Арсанукаев Шайхи?
а) 1930-чу шарахь;+
аь) 1940-чу шарахь;
б) 1920-чу шарахь;
в) 1910 –чу шарахь.
- 6. Нохч-ГIалгIайчоьнан топонимин автор ву?
а) Амаев В-Х.;
аь) Сулейманов А.;+
б) Бадуев С.;
в) Яшуркаев С.
- 7. Лаха-Неврахь йолу музей …цIарах йу.
а) Рашидов Ш.;
аь) Мамакаев М.;
б) Ошаев Халид;
в) Мамакаев I.+
- 8. Нохчийн литературин бухбиллархо ву?
а) Ахмадов М.;
аь) Бадуев С.;+
б) Гайсултанов I.;
в) Нажаев А.
- 9. Гайсултанов Iумаран нохчийн барта кхолларалле безам кхоьллира:
а) дас динчу весеташа;
аь) нахе дукха ладегIаро;
б) денанас дийцинчу туьйранаша;+
в) нохчийн Iадаташа.
- 10. Фольклор хIун йу?
а) цхьамма аьлла дешнаш ду;
аь) поэзии йу;
б) халкъо бартакхоьллина исбаьхьаллин произведенеш йу;+
в) проза йу.