Зайтемиров Сайдик
Урокан цIе:
«Дешан чаккхенгахь -н йаздар»
Iалашо: дешан чаккхенгахь «н» элп йаздаран бакъонаш йовзийтар; Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.
Урокана оьшу гIирс: дашан чаккхенгахь «н» элп йаздарах лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.
Йукъара дешаран ардам (УУД)
Предметни: дешархошна Iемар ду дешан чакхенгахь «н» элп йаздан а, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх-оьздангалла Iама.
Метапредметни
Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.
Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.
ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цунах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.
Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок дIайахьар
- I. Догдаийтаран мур
– Де дика хуьлда шун!
– Диканца дукха вехийла хьо!
– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.
III. ЦIера болх таллар
– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?
– Тхуна деллера шардар 79.
– Муха кхочуш дира аш и шардар?
– Оха хIетал-металан жоп лехира. Карийначу жоьпана доца шеконан мукъа аз билгалдечу элпана кIел сиз хьаькхира.
– ХIун дара цуьнан жоп?
– Цуьнан жоп дара «цициг».
– Дешнашкахь доца шеконан мукъа аьзнаш йаздар муха талла мегар ду?
Даладе масалш.
(Дешархоша бакъо схьайуьйцу)
Тобанашкахь болх
ТIедиллар: «Дайна элп караде».
ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза, и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.
I-ра тоба:
Хьорм…т
Олхаз…р
2-гIа тоба:
Мелл…ша
Ур…м
3-гIа тоба:
Туск…р
Чайн…к
4-гIа тоба:
ТIоьрм…г
Хорб…з
– ДIадеша аш йаздина дешнаш.
– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?
– Муьлха аз хеза цигахь шуна?
– Оцу дешнашкахь доца шеконан мукъа аз аш муха теллира?
– ХIуманийн дар билгалдан дешнаш доцчу кхечу дешнашкахь доца шеконан мукъа аьзнаш а, у, и шеконца хезаш хилахь, а йаздо. Масала: орам, йоккха…
Амма г-ний, к-ний хьалха мукъа элп и йаздо. Масала: чайник, лекханиг.
– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.
III. ЦIенайаздаран минот
Сан карахь йу дика бел,
Белхаш барх со ца ло гIел.
Чохь ца Iа со, мало йеш,
Кхиош ву со Iежийн… (беш).
– «Беш» бохучу дашна хьалха муьлха элп хеза вайна?
– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана? «Б б»
– Мукъа ду и йа мукъаза ду?
– Мукъаза ду.
– ХIунда ду и мукъаза?
– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.
– Маса меженах лаьтта «Б» элп?
(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)
- IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар
Хьехархочо дешархошна интерактивни уьн тIехь дIагойту суьрташ.
– ХIара хIун ю? (КIеза)
– Стенан кIеза? (ЖIаьлин)
– Муха хаьттира аса стенан?
– Чаккхенгара -н ца олуш.
– Муха дала деза жоп?
– ЖIаьлин чаккенга -н ца олуш.
– ДIайазде и дешнаш.
Муха йазди аш ЖIаьлин дош?
– Чаккхенгахь -н йаздеш.
Иштта дисина суьрташ тIехь болх бо хьехархочо.
– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?
– Тахана вай урокан тема йу «Дешан чаккхенгахь -н йаздар».
– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Дешан чаккхенгахь -н йаздар».
- V. Керла тема хьехар
а) Бакъо таллар.
– ДIайеша 40 агIон тIера бакъо.
– Маца йаздо дешан чаккхенгахь -н элп?
– Хьенан? Стенан? хаттаршна жоьпаш лучу дешнийн чаккхенгахь -н элп йаздо.
– Даладе масалш.
– Вешин йоI, шичин кIант, школан беш, берзан кIеза…
– Муха ала деза и дешнаш?
– Чаккхенгахь «н» элп ца олуш ала деза и дешнаш.
– Ткъа дIайаздеш муха дIайаздира дара аша уьш?
– Чаккхенгахь «н» элп йаздеш.
- 2. Дашан чаккхенгахь н йаздаран тидам бар
– ДIадеша 8I шардаран тIедиллар.
– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?
– Хьенан стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнашна кIел сиз
хьакха дезаш ду.
– Муьлхачу элпашна хьалха йаздина ъ, ь элпаш?
– Мукъазчарна тIехьа, мукъачу элпашна е-ний, я-ний, яь-ний хьалха йаздина.
– Муьлхачу дешнашна кIел сиз хьаькхна аш?
– Халкъийн, вайн, тхан, дешархочун, Iежийн, сан, йишин, шекъанан бохучу дешнашна кIел сиз хьаькхна.
– ХIунда хьаькхна аша оцу дешнашна?
– Оцу дешнаша хьенан? Стенан? бохучу хаттаршна жоьпаш ло.
– Муха ала деза и дешнаш?
– Чаккхенгахь «н» элп ца олуш ала деза и дешнаш.
– Ткъа дIайаздеш муха дIайаздира дара аша уьш?
– Чаккхенгахь «н» элп йаздеш.
(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо)
- VI. СадаIаран минот
КIорнеш
КIорнеш, кIорнеш – можа кIорнеш, –
Кегий горга хаза овгалш,
Нанна тIаьхьахIиттина
Ков-керт мел йу даьржина:
Ког-мIара а хьоькхуш байн
Йуург-мерг уьш лоьхуш дай.
Даккхий тIемаш даржийна,
КIорнешна тIе бIаьрг боьгIна,
Лакха стиглахь куьйра хьийза, –
Ловчкъа дIа, – шу кхин ма цIийза! –
КIорнеш, кIорнеш, довдалаш,
ТIемаш кIел дIаловчкъалаш!
Шух катоха куьйра гIерта,
ДогIур дац и дийцарх берта.
Къуьрдиг-нана кхойкху хезна,
Кегий кIорнеш, синош дезна,
Хьаьвди-девди нана йолчу;
Шайна дала орца долчу.
(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна)
VII. Iамийнарг тIечIагIдар
а) тобанашкахь болх
Мила ву тидаме.
– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. МаьIнехь тIеоьшу дешан элп йаздеш, дIайазде дешнийн цхьаьнакхетарш шайн тобанера.
I-ра тоба:
Тха... беш
Сан... йиша
Хьа... ваша
2-гIа тоба:
Берза... кIеза
ЖIаьли... кIеза
Iежи... беш
3-гIа тоба:
Халкъа... туьйра
веши... сахьт
Кавказа... ломахь
4-гIа тоба:
Агана… илли
Нохчий… маттара
Аьрзуний… баннашна
ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина дешнийн цхьаьнакхетарш схьадуьйцу.
– Муьлха элп дара оцу дешнийн чаккхенгахь?
– «Н» элп дара.
– Муха ала деза и дешнаш?
– Чаккхенгахь «н» элп ца олуш ала деза и дешнаш.
– Ткъа дIайаздеш муха дIайаздийр дара аш уьш?
– Чаккхенгахь «н» элп йаздеш.
аь) Шаьш бен болх
– ДIадеша шардар 84.
– Муха кхочуш дан деза иза?
– Оьш-оьшучу маьIница догIу элпаш а доьхкуш схьайазйан йезаш йу.
–Хьалхарчу предложенера дешнашна чаккхенга муьлха элпаш йаздина аш?
– Шен, ворданан бохучу дешнашна тIехьа «н» элп йаздина.
– ХIунда йаздина «н» элп?
– Оцу дешнаша хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоьпаш ло.
– Муха ала деза и дешнаш?
– Чаккхенгахь «н» элп ца олуш ала деза и дешнаш.
– Ткъа дIайаздеш муха дIайаздийр дара аш уьш?
– Чаккхенгахь «н» элп йаздеш.
– Нийса боху, хIинца шайн тептарш тIе дIайазде шардар.
VIII. Рефлекси
– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?
– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?
– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.
IХ. Урокан жамI дар
– Маца йаздо дешнийн чаккхенгахь -н элп?
– Хьенан? Стенан? Бохучу хаттаршна жоп лучу дешнашна чаккхенга «н» элп йаздо.
Х. ЦIахь бен болх
Шардар, агIо 34.
– Хьенан? Стенан? Хаттаршна жоп луш долу дешнаш схьалаха, царна кIел сиз хьакха, Iамайе бакъо.