Джукаева Раяна,
Гуьмсе-ГIалин № 1 йолчу ишколан 11-чу классан дешархо
Ненан мотт бовш бу, Iожаллин новкъахь бу», – бохуш схьахеза шайн маттах доглозучаьргара аьрзнаш. Амма и мохь беттар а хуьлу, дукха хьолахь, оьрсийн маттахь.
«Дукха хи тIe кхехьна кIудал хи тIехь йисна», – баьхна-кх вайн дайша! Изза чаккхе хила тарло нохчийн меттан а, цунах лаьцна дукха дийцарна а.
ХIинццалц гоьбевллачу Iилманчийн, лингвистийн мохь-орца ихнехь а, бовш лаьтта мотт балхош, тахана кIезиг бац социалан машанех пайдаоьцучарех оцу хьолана саготтаберш. Цара кар-кара оьцуш йийцаре йо нохчийн тема. Цуьнан хилларг, тахане, кхане. Далхадо нохчийн мотт кхерамечу зил буха нисбаларх а, цуьнан ца дечу пусарх, оьрсийн матто йечу гIелонех.
Мотт бутт батте мел болу нехан багахь беркъа, ледара, иэбина хеза. Хан мел йолу лагIлуш ду вайнехан багара дуьйлу нохчийн дешнаш а. Тов шен къоман патриоташ хилар, амма гIалатло хета шегара сингаттам хийрачу маттахь балхабар. Нохчичо муха балхор бу шен къа-бала оьрсийн маттахь?
Нохчийчуьрчу цхьа могIа Iилманчаша а далхориг ду йукъараллехь ненан мотт оьрсийн маттаца иэбеш бийцар, ткъа оьрсийниг бийца цахуурш къаьсттина беламе гойту оцу хьоло.
Ненан мотт – нохчийн мотт! ХIун хир ду хьол хаза а, деза а? Сан деган аз, бIаьргийн нур, син кхача, АллахIан совгIат! Ма говза кхоьллина-кх хьо Дала. Со йоккхайе сайн ненан маттах! Сайн чохь са мел ду хестор бу, ларбийр бу ас сайн ненан мотт – мерза мотт. Мел дукха дийцарх кIордор дац-кх суна хьан хазаллех, кIедаллех лаьцна дийца. Вайн дайша шайна тIе мел йаккхий халонаш хIиттарх ларбина, сий дина, вайн къоман ца хилча йишйоцу жовхIар.
Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора а къоманна шене-шена делла. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьайеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало йу мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Сан чIогIа дог лозу, махкал арахьара бехачу нохчаша шайн доьзалшна шен къоман мотт бицбалийтарна кхоьруш, цуьнца доьзна хиларна, вайн дахарехь массо хIума а, къам хилар а. Цхьаболчу наха, гIалаташ деш шен ненан мотт буьйцуш, дог Iаьвжа сан, хIунда ца Iамабо-те иза нийса бийца, ма хала дацар-кха иза Iамо?! Цунна масалш а дуьненахь бIеннаш ду.
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьамма а хьошур йац.
Иштта йаздина Мамакаев Мохьмада ненан маттах лаьцна. Оцу дешнийн маьIнех кхета хала дац. Шен паргIато ца ларйелла къам леш ду, ткъа паргIато ларйаран уггар нуьцкъала герз мотт лору автора.
Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь.
Иштта йаздо Сулейманов Ахьмада. Муьлхха а мотт хаар дика ду, дуьненан культурин хазна ма йу иза. Цхьаццадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду.
Масала, Делан дин довза а, Iамо а, эхартан мулк гулйан а оьшуш бу Iаьрбийн мотт. Оьрсийн мотт – ваьш дехачу Россин кхоччуш гражданаш хила а, вешан лулахошца гергарло, белхан, гIуллакхан уьйраш лело а, дуьненан Iилманах кхиа а ца хиъча ца болу. Дика ду ингалсан, немцойн, французийн меттанаш хаар а. Амма поэтана тIаьххье чIагIдан догIу, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. Саидов Билала йаздина:
Ненан мотт цахаар –
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар –
Маьттаза вахар ду.
Вайга весет санна, дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш. Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга хIоранга а.
Дала нохчийн къомана белларг нохчийн мотт бу. Iилмано чIагIдарехь, дуьненан ширачу меттанех цхьаъ бу иза. Вайн мотт хьал долуш хиларх, цуьнан исбаьхьаллех цецбийлина гоьбевлла оьрсийн йаздархой, Iилманчаш. Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу йаздархочо Л. Н. Толстойс йаздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вай нохчий ду, нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх хIораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха Iемаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Цундела иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, Iамо, кхио беза, оцу маттахь йолу киншкаш йешарца, газеташ, журналаш йаздарца.
Нохчийн йаздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада йаздо: «Мотт, духар, гIиллакхаш – къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчи ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву. Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах хир вац».
Дерзорехь дало а лаьа, хIораннан лерсине кхачо а лаьа Нохчийн Республикин халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени тIера иштта могIанаш:
Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.