Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Вешан мотт Iамабахь, кхидолу меттанаш а дика Iемар ду вайна

Шахтамиров Рахим

Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Указца нийса а догIуш, вайн республикехь хIора шарахь а лаккхарчу тIегIанехь даздеш ду Нохчийн меттан де. Ткъа хIокху шарахь вайн Мехк-Дас хIара 2023-гIа шо «Даймохк» газетан бIе шо кхачарна лерина, Нохчийн меттан шо дIакхайкхийна, доккха хазахетар а, боккха кхаъ а бина кху дуьненарчу хIора а нохчичунна.

Цунна лерина, хIокху шарахь вайн махкахь нохчийн маттана гонаха дан леринчу гIуллакхех а, «Даймохк» газето беш болчу балхах а лаьцна тхан къамел хилира Нохчийн Республикин «Даймохк» газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца.

Бувайсар, вайна хууш ма хиллара, кху шарахь вайн «Даймохк» газетан 100 шо кхаьчна, цунна тIе хьажийна вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана хIара 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо ду, аьлла, дIа а кхайкхийна. Кху шарахь, нохчийн маттахь долчу газетан хьо коьрта редактор хиларе терра, хIун сатийсамаш бу хьан, вайн махкана хIун дохьур ду хIара шо Нохчийн меттан шо кхайкхоро?

Дела реза хуьлда, вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана хIара шо Нохчийн меттан шо ду, аьлла, шен Указца билгалдаккхар кху дуьненахь мел волчу нохчичунна доккха хазахетар а, боккха кхаъ а бу. ХIиццалц, бIеннаш шерашкахь дIатесна лаьттинчу нохчийн меттан кхиаран новкъахь вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана ондда, вайн къоман кханенан дуьхьа йаьккхина гIулч йу иза. Ша кху вайн Ахьмад-Хьаьжин новкъахь вайн Нохчийчоьнна мел деш долчу, мел диначу диканашна тIе доккха дика а ду. ХIара шо Нохчийн меттан шо ду, аьлла, дIакхайкхоро тIекхуьучу тIаьхьенашна шайн мотт, шайн ненан мотт кхин а уллера бовза, кхин а боккха цуьнга безам кхоллабала аьтто бийр бу. Ткъа къонанаш, иза вайн кхане йу. Кхане кху вайн Нохчийчоьнан тахана долчу вайначул а дика вайн мотт, меттан йоза девзаш кхуьург хиларан коьрта тоьшалла а ду иза. Ткъа кхидIа массо шо а нохчийн меттан, нохчийн меттан йозанан шо хилла, нохчийн къам мел лаьтта дехарг хиларан коьрта тоьшалла а ду.

Тахана нохчийн мотт кхиорна тIехьажийна вайн Iедало йеш йолу терго тоъал йу аьлла хетий хьуна?

Нохчийн мотт кхиорна а, иза баржорна а, иза Iамон луучунна а, бийца, лелон луучунна а Iедало йина терго а, хIора денна деш долу гIуллакхаш а тIех сов ду.

Коьртаниг вайна ваьшна лаар ду, вайн йукъаралла дIадаханчу бIешеран чаккхенехь дуьйна лайначу халонаша Iадийна, йуха дегнаш човхийна, сингаттамаша гIелдина дара, Делан орца хьалха даьлла, ткъолгIа бIешо чекхдолуш, Дала Цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа орцаха ца ваьллехь кху дуьненара дIадолучу киртига тIе а хIоьттинера. Делан къинхетамца вай цу балех хьалхадевлира. Ахьмад-Хьаьжас, Дала Цуьнан гIазот къобалдойла, кху вайн къоман сирлачу таханенан дуьхьа шен дахар дIаделира. Тахана Цуьнан весеташ, Цуьнан доIанаш, сирла сатийсамаш кхочуш беш, вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана массо хIума до мохк кхиийта, къоман дахар кху дуьненахь уггаре а тоьлла хилийта, кху къомана йукъахь шен мотт а, меттан йоза а хилийта, ненан мотт кхиийта. Иштта вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана деш диканаш а долуш, хIора а нохчи декхар ву шен мотт шена Iамон а, шен тIаьхьене иза иштта цIена дIакховдон а. Дала мукъ лахь, иза иштта хирг хиларх тешна а ду вай.

Аш арахоьцуш долу газет дерриге а нохчийн маттахь ду. Ткъа хIинца, вайна хууш ма-хиллара, нохчийн йоза хууш берш а дукха бац, вайн маттахь йаздеш болчу белхахошна тIехь хало-м йац шун?

Бакъду, 1923-чу шарахь дуьйна нохчийн маттахь арадолуш ду «Даймохк» газет, иза боккха беха некъ а бу, йа, ма-дарра аьлча, цхьа оьмар йу. ХIара газет вайн къоман синкхетаман куьзга хилла ца Iаш, къоман меттан цхьа боккха хIоллам, хIара къам дийна, дехаш хиларан коьрта тоьшалла, паспорт ду аьлла, а хета суна.

ХIокху газетехула кхуьуш чекхбевлла бу кху махкара гIарабевлла хилла болу, хIинца болуш болу йаздархой, поэташ, журналисташ.

ХIокху тIаьхьарчу заманахь кху махкахь хилла тIемаш, бохийна, хьийзийна нах, цара лайна халонаш бахьанехь адамаш жимма херадевллера шайн меттан йозанна, хIинца, Дала мукъ лахь, тIебоьрзуш бу, кхуьуш къона йаздархой, журналисташ, поэташ а бу. Оха церан говзарш вайн бахархошна йовзуьйтуш гIуллакхаш а до. Иштта, денна, толуш дIадоьдуш хилча, суна вайн махкахь нохчийн маттахь йаздечеран къелла хIуттур йу аьлла а ца хета.

(ТIаьхье йеша рогIерчу номерехь)

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1